Хишдахкарна кечамаш бу беш

«Агропромышленни комплексан сурсаташ – экспорте» къоман проект кхочуш а еш, дIадолийна Орга хин гидроузельна реконструкци яр.

Цигахь меттахIитторан белхаш дIаболон аьтто баьлла Нохчийн Республикин Правительствон Председатела – юьртан бахаман министра Закриев ИбрахIима ахчанца кхачояр бахьана долуш.

Нохчийчоьнан юьртан бахаман министерствон мелиорацин декъан хьаькама Юнаев Ахьмада билгалдаьккхина ма-хиллара, Орга хин гидроузель меттахIотторо таро лур ю Грозненски, Шелан, Хьалха-Мартан кIошташкарчу 77 100 гектар майданашкахь хидилларан гIуллакх меттахIотто.

Кхузахь аьхкенан муьрехь йокъана хуьлуш хилар хьесапе эцча, и доккхачу маьIне хIума ду.

Хидиллар меттахIотторо таро лур ю юьртабахаман сурсатийн хьекъар дикка лакхадаккха.

Орга хин гидроузелехь тоеш-хуьйцуш ю хиIаIош йолу чIинг (плотина), «Шела – Устрада-ГIала – ГIойтIа – Хьалха-Марта» татолийн хинкорта, ткъа иштта, белхан чоьнаш, тояран-механикин пхьалгIанаш.

Проектан тептаршца билгалдеш ду чIингана тIехула тIай тиллар, кхидолу мехала гIуллакхаш дар.

Иштта, мехала ду Орга хин гидроузелан гIирсашна автоматан кепехь урхалла дийриг хилар — вуьшта аьлча, дегIана ницкъ беш къахьега дезар дац кхузарчу белхахойн а, говзанчийн а.

Хь.САИДОВ
№28, оханан (апрель) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: