Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарна а, Нохчийн меттан денна а лерина суртдиллархочун Джамалдинов Iелимпашин суьртийн гайтам хилира Яздархойн союзехь.

Цигахь дакъалоцуш вара журналист Арсанукаев Муса, яздархо Джунаидов Аюб, НПХьУ-н Исбаьхьаллин искусствон кафедрин куьйгалхо Шахбиева Хьалимат, Соьлжа-ГIалин №91 йолчу школин «Гармония» клубан декъашхой а, церан куьйгалхо Магомадова Раиса а.
Iелимпашин корматалла ю цхьана суьрта тIехь масех васт кхолла а, хенан хIоттам бовзийта а, заманан хатI довзийта а. Ишттачех ду, Имам Шемал оьрсийн паччахьан эскарна йийсаре воьдуш, цуьнан уггаре а тешамечу наиба, БойсгIара тIаьхьа тапча а хьажийна, Шемал юхаверзаре хьоьжуш, диллина сурт.
Цул сов, оцу суьрта тIехь кхиболу тIемалой а бу, дог доьхна гойтуш.
Иштта, дукха суьрташ дара шайна тIехь тидам сацош: «Валарг» хи йистехь хилла тIом, чIир йитар, Харачойн Зелимхин сурт.
Мелла а истори евзаш долчу берашна дуьххьара а дацара суьрташна тIехь довзуьйтург, амма церан тидам тIебоьдуш дара «Къошкъари» сурт.
Суьртан автора къошкъарих лаьцна дийцира берашна.
Суьрташка хьаьвсинчул тIаьхьа, цара, «Гармония» клубан декъашхоша, байташ йийшира, ткъа Арсанукаев Мусас а, Джунаидов Аюба а, Шахбиева Хьалимата а суьртех шайна хетарг элира.
– Яздархоша яздо, ткъа суртдиллархоша суьрташ дохку. Книгаш еша хан йоцчунна, ца луучунна, Iелимпашин суьрташка хьаьжча истори а, къоман Iадаташ а, гIиллакхаш а девзар ду. Цуьнан суьрташ культурин дакъа кхиорехь шен меттиг дIалоцуш йоккха хазна ю, – элира Джунаидов Аюба.
Сийлаллин грамотица а, «Академик Петр Захаров» книгица а совгIат дира Джамалдинов Iелимпашина.
ВЕГИЕВА Макка
№28, оханан (апрель) беттан 14-гIа де