Могашалле кхочуш х1умма а дац. Со йоккхае вайн республикехь дуккха а больницаш хиларх. Иштта, вайн могашалла ларъеш дуккха а лоьраш хиларх. Ишттачарех цхьаъ ю 2003-чу шарахь дуьйна Республикин больницехь болх беш йолу деган лор Адуева Луиза. Луиза дуьнен чу яьлла 1969-чу шарахь Хьалха-Мартан районерчу Олхазар-К1отарахь.
1987-чу шарахь Кубански пачхьалкхан лоьрийн институте деша яхара. Дукха жима йолуш дуьйна, лор болх бан лаам болуш хилла. 1992-чу шарахь иза, Москварчу клинике ординатуре яхара, 2001-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхира. 2003-чу шарахь Нохчийчу ц1а лара Адуева Луиза. Шен говзаллица, корматаллица, лела хаарца йоццачу хенахь шен яккхийтаре кхиира. Нохчийчохь евзина ца 1аш, цул арахьа а евзаш ю. Дукха хан йоццуш, Г1ойтарчу воккхачу стагана Юсупов Вахина дарбанаш лелийра цо. Воккха стаг ца моьттачу кепара дика г1оли а, дарба а хилла ц1а вахара. Хьалха Аллах1 Дела бахьана долуш, шолг1а Луиза буьйса-де ца лоьруш цуьнга дика хьажар бахьана долуш. Юсуповг1еран доьзало баркалла боху Адуева Луизина. Шайн дега, г1оле хиларе сатуьйсуш, доггаха хьажарна. Дала ма эшабойла вайна и санна лоьраш.
Л.ЮСУПОВА
№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо