Ерригроссин субботникехь (белхи) дакъалоцур ду

2021-чу шеран оханан (апрель) беттан 24-чу дийнахь юкъараллин меттигийн санитарин хьал тодаран Ӏалашонца а догӀуш, Къоман «ХӀусамаш а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан гурашкахь белхи дӀахьур бу.

ТӀедогӀучу шарахь йийр йолчу проектийн дизайн-проекташ харжаран онлайн-кхажтасар дӀадоладалале дӀабахьа лерина Ерригроссин белхи.

Юкъараллин меттигаш, паркаш, сквераш, xӀусамаш, хийистош цӀанъярехь шайн дакъа юкъадилла аьтто хир бу бахархойн.

Республикехь кест-кеста дӀахьо меттигаш цӀанъяран декъера белхаш. Ерригроссин белхи а бӀаьрла хилам хир бу вайн гӀалийн урамашкахь цӀано латторехь.

Иштта, оцу белхих беркат а даьлла, бахархошна хуур ду Федеральни платформехь, оханан (апрель) беттан 26-чу дийнера хӀутосург (май) беттан 30-чу дийне кхаччалц бен болчу хийцамех дерг.

ХӀора а шарахь, «ХӀусамаш а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроект бахьанехь, республикин кӀошташкахь садаӀаран керла объекташ схьайоьллуш ю.

ХӀокху шарахь а, za.gorodsreda.ru платформерчу кхажтасарехь дакъа а лоцуш, шаьш къобалъечу проектах дерг ала аьтто бу республикин бахархойн.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: