Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Машаран денца доьзна декъалдар

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн Республикин махкахь контртеррористически операцин раж дIаяьккхина 12 шо кхачарца – Машаран денца!

Вайн республикин исторехь уггаре а мехалчу а, маьIнечу а хиламех цхьаъ хилла дIахIоьттина и хилам. Иза дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь толам баккхар дара. Бала-гIайгIа дукха лайначу нохчийн махкахь машар а, къепе а, синтем а хилар официально дIакхайкхоран билгало санна дуьсур ду даиманна а 2009-чу шеран оханан (апрель) беттан ялхитталгIа де.

КТО дIаяккхарца Нохчийн Республикина шуьйрра схьаеллаелира яккхийчу таронийн неIарш. Республикин бахархойн шовкъо а, даха, цIиндала болчу лаамо а гIо дира регион когахIотторна а, сихха кхиорна а.

Цул тIаьхьа дIадевллачу шерашкахь вайн аьтто баьлла экономикина миллиардаш инвестицеш юкъаозо, юьртан бахам когахIотто, туризм кхио, промышленность а, бизнес а керлачу тIегIане яккха.

Тахана вайн республико рейтингашкахь лаккхара могIанаш дIалаьцна, иза цIанонан а, къепенан а масал лоруш ду. Уггаре а коьртаниг – терроризмана тIехь кхоччуш толам баьккхина йолу хIокху дуьненахь а цхьаъ бен йоцу регион ю Нохчийн Республика.

Шеко йоццуш, КТО дIаяккхар доьзна ду нохчийн къоман баьччин, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарца. Республикехь кхерамазалла, синтем, цIиндалар хилийтарна бух биллинарг иза ву. Цуьнан герз бакъдерг дара! Ша бакъхиларх а, нийсонах а тешаро вира цунах къоман тхьамда. Шен къардалар девзаш доцчу сица а, дагца а, шен хьикматца а, генна хьалха дерг ган похIма хиларца а ницкъ кхечира Ахьмад-Хьаьжин цIий Iенош болу тIом сацо, халкъ хIаллакьхиларх кIелхьарадаккха. Иза оцу толаме кхечира шен дахар махина а диллина.

Таханлерчу хIокху дийнахь вай дагалоьцу вайн дайн махкахь машар а, паргIато а, синтем а хилийтаран дуьхьа шайн дахар дIаделла болу вайн эзарнаш накъостий. Цара, ойланашка а ца буьйлуш, шайн синош дIаделира нохчийн халкъ маьршачу стигал кIел дахийтархьама, тешам боллуш, кханене хьежийтархьама!

Даймехкан тешамечу кIентийн хьуьнар, доьналла, майралла даима а вайн дегнашкахь юьсур ю.

Лараме махкахой! Кхин цкъа а декъалдо шу дезачу денца. Лаьа шуна дика мел дерг хуьлийла, коьртешна тIехула маьрша стигал хуьлийла!

№29, оханан (апрель) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: