Машаран де даздира Нохчийчохь

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Соьлжа-ГIаларчу Сийлаллин мемориалан комплексехь дIадаьхьира Машаран деза де билгалдаккхарна лерина даккхий даздарш.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Правительствон Председатела Хучиев Муслима, муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, ткъа иштта, республикин Парламентан депутаташа, муниципальни Iедалан органийн векалша, бакъонашларъяран органийн, куьйгалхоша, юкъараллин гIуллакххоша, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин, динан векалша.

Даздарийн юьххьехь Даудов Мохьмада дIадийшира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар. Цу тIехь билгалдоккхура: «Нохчийн Республикехь контртеррористически операцин раж дIаяьккхина 12 шо кхечи хIокху шарахь. Таханлерачу дезачу дийно – Машаран дийно вайна массарна а да- гадоуьйту дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIабаьхьначу луьрачу къийсамехь вай мел беза мах дIабелла. И кхераме ун вайн махка а кхаьчна, российски пачхьалкхаллина хIаллакьяран тохар дан гIоьртира. Адамаш дайъаран гIерано кхайкхийначу тIамна юкъаозийра нохчийн халкъ. «Ша-шен хIаллакдаран вирусо» схьалецира шаьш «дайъа» дуьгуш хиларх кхеташ боцурш. Малхбузерчу лерринчу службаша кечдина питана дара иза. Харц кхайкхамаша корта тентаг баьккхинчу, юьхь-юьхьана дечу къамелаша Iехийначу цара кегарий а, Iожалла а яржайора, цхьа а кхоа ца веш. Адам кхето хааран похIмано, цIена хиларо, бакъдерг юьхьа дуьххьал дIааларо, баккъал а, шен халкъан кхолламах дог лазаро гIо дира Кадыров АхьмадХьаьжина адамийн дегнашна дIахаза. Цунна уггаре а чIогIа дуьхьал хилларш а иза бакълуьйш хилар, цуьнан хьежамаш нийса хилар даре ца дича ца бовлура. Адамийн кхетам хийца болабаларна тIера дIаболабелира машаре боьду некъ. КТО-н раж дIаяккхар вай тIамна, чIана даларна, кегарина, жахьталлина тIехь толам баккхаран билгало яра. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь республико баьхна бIаьрла кхиамаш, бина вуно баккхий хийцамаш Iалашбар а, дебор а вайн карахь а, вайн ницкъ кхочур болуш а ду. Ас декъалдо шу Машаран денца!».

Оцу боккхачу гуламехь къамел дира, иштта, Нохчийн Республикин МВД-н министра Алханов Руслана.

Цо аьлла ма-хиллара, оханан (апрель) беттан 16-гIа де – терроризмана тIехь толам баьккхина де ду.

«Вайна гуш бу зазадоккхуш болу вайн мохк. ХIокху дикане вай кхаьчна Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, ткъа иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а бахьанехь. Вайн къоман баьчча коьртехь а волуш, вайн ницкъ кхаьчна дуьненаюкъарчу терроризман «букъасурт» кагдан, республикехь къепе ян, гIаланаш, ярташ хазйина, къагийна дIахIитто», – элира цо.

Гулам берзоле хьалха къамел а дира, доIа а дира Межиев Салахь-Хьаьжас.

Д.АНАДЕВ
№29, оханан (апрель) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: