Россин Федерацин Президентан №681 (28.11.2018) йолу Указаца нийса а догӀуш, Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтинчу а, къахьегначу а нехан цӀераш Ӏалашъяран гурашкахь церан цӀераш тахка магош ду шаьш лаьттачу географин объекташна.

Цунах пайда а оьцуш, Нохчийн Республикин Юкъараллин палато дӀакхайкхийна нохчийн халкъалахь цӀеяхханчу векалан цӀе къасторан конкурс – цуьнан цӀе Соьлжа-ГӀалин дуьненаюкъарчу аэропортана туьллур ю.
И болх дӀабахьа кхоьллина вовшахтохараллин комитет а ю.
Цуьнан векалшца цхьаьнакхетар дӀадаьхьначу Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада хаийтина конкурсан 4 мур хирг хилар а, жамӀаш тӀебогӀучу беттан 20-чу дийнахь дийриг хилар а.
Иштта, Россин пачхьалкхалла дӀахӀотторехь а, кхиорехь а юкъа доккха дакъа диллина дуккха а шен векалш болуш Нохчийн Республика хилар а билгалдаьккхина Парламентан спикера.
Конкурсах а, конкурс дӀаяхьаран лехамех а, бакъонех а лаьцна хаамаш а, жамӀаш а Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин сайта тӀехь довзуьйтур ду.
И.АДАМОВ
№29, оханан (апрель) беттан 17-гIа де