Рынкашкахь конкуренци дIаяхьаран гIуллакхаш дийцаре дира

«Чоьхьарчу а, арахьарчу а рынкашкахь кхечу предприятешна юкъахь конкуренци дIаяхьа ницкъ кхачар» темина лерина «горга стол» дIаяхьира Нохчийн Республикин махлелоран, промышленностан палато а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, юьртан бахаман министерствоца а, Соьлжа-ГIалин мэрица а цхьаьна.

Шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналистийн экономикин а, юьртабахаман а сурсатийн хьокхехь долчу хаттаршна жоьпаш а луш дIадаьхьира цхьаьнакхетар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу инвестицийн кхеташонан декъашхочо, республикин Махлелоран, промышленностан палатин хьалхарчу вице-президента Баудинов Iийсас дIадолийра «горачу стоьлехь» дан лерина къамел.

Иштта, цигахь дакъалоцуш бара Нохчийчоьнан туризмехула йолчу министерствон а, юьртан бахаман министерствон а, экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон а векалш а, республикин чоьхьарчу а, арахьарчу рынкашкахь шайн меттигаш дIалаьцначу предприятийн куьйгалхой а.

Яккхийчу предприятийн, махкал арахьа, кхечу пачхьалкхашкахь шайн сурсаташ духкуш йолчу предприятийн гIуллакхаш дара дийцаре деш. Иштта дийцаре дира Нохчийчохь йолчу махлелоран рынкийн-гайтамийн майданийн хьал а.

Кестта вайн юьртан бахаман министерство дагахь ю вайн махкахь кхуьуш, чоьхьарчу а, арахьарчу а рынкашкахь духкуш долчу стоьмийн а, хастоьмийн а, иштта, юьртабахамехь оьшуш болчу гIирсийн а, махлелоран гайтам дIабахьа. Цунна оьшу майда хIинцале а билгалъяккхина.

ВЕГИЕВА Макка
№29, оханан (апрель) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: