Соьлжа-ГIаларчу БойсгIаран кIоштахь дукха гIаьтнаш долчу цIенойн дийнна комплекс схьайиллина хIокху деношкахь. Оцу цIеношкахь 188 петар ю.

Даздаран хьолехь цIенойн «неIарш» схьайоьллучохь дакъалецира пачхьенан мэран заместитела Бурсагов ИбрахIима, кIоштан префекта Дадаев Мохьмада, ткъа иштта, муниципалитетан дакъойн, организацийн, учрежденийн куьйгалхоша, кхечара.
И.Бурсаговс баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна республикин коьртачу шахьарахь кхузаманан исбаьхьа, куьце гIишлошъяран хьекъале политика дIаяхьарна.
И бахьанехь дика ламаст хилла дIахIоьттина кхузахь керл-керла гIишлош яр.
«Тахана вай, неIарш схьа а йиллина, шайх пайда эцийта дIалур ду ши цIа а, Джабраилов Идрисан цIарах долу маьждиг а. Цу чохь жамIатехь Iамал-Iибадат дан аьтто хир бу 200 стеган. ХIара тхуна боккха кхаъ бу. Ас даггара баркалла, Дела реза хуьлда боху хIара гIишлошъярехь къахьегначарна массарна а», – элира цо.
Даздаран хьолехь, цIен аса хадийначул тIаьхьа, кхузахь вовшахкхетта хилларш маьждиге а, цIеношка а хьаьвсира.
Шина цIийнах цхьанна чохь 114 петар ю, шолгIачунна чохь 74 петар ю.
ЦIенойн хьалхарчу гIаьтнашна чохь туьканаш ю, уьйтIахь машенаш дIахIитто меттигаш а, берийн тайп-тайпана майданаш а ю.
И гIишлош йина, Соьлжа-ГIалин мэрица цхьаьна, «Агродорстрой» гIишлошъяран компанис.
Д.ПАШАЕВ
№29, оханан (апрель) беттан 17-гIа де