Багалова Зулайна лерина суьйре

IMG_2889

А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь Россин Федерацин хьакъйолчу артистикина  Багалова Зулайна лерина  юбилейни  суьйре хилира. Иза вовшахтоьхнера библиотекин куьйгалло а, артисткин похIма дукхадезачу цуьнан накъосташа а.

Суьйре дIахьош яра Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан  оьрсийн меттан а, литературин а  хьехархо Серганова ТIаус. «ХIара суьйре официальни яц. Зулай езачарна ян лиъна,  паргIатчу  кепехь вовшахтоьхна ю. ДоттагIий вовшашна гар а, марзо эцар а хилийта ду. Зулай шен цIарах хаза мел долу дош ала хьакъ хиларан шеко яц.

Вайн республикехь Зулай говза артистка санна евза, амма хIара мел къинхетаме а, сагIийна комаьрша адам ду а  кхуьнан уллерачу накъосташна бен ца хаьа», – элира ТI.Сергановас.  Актрисин доттагIаша, гергарчу наха, белхан накъосташа дуьйцура  цуьнан гIиллакхех, похIмех, адамаллех лаьцна. «Зулай сан ненайишин йоI  ю. Ас даима а  дозалла дина иза сайн шича хиларх. Суна масал хилла лаьтта иза. Низам дезаш стаг ю. Даима а тIахъаьлла, даима а буьйлина мерз санна ша кепехь латтош ю» – элира Азимова Хадижата.

Цул тIаьхьа вистхилира Нохчийн Республикин Парламентан депутат Хасбулатов Бекхан. «Багалова нохчийн къоман театран легенда. Иза ю оьздангаллин, нохчийн зудчун хазаллин васт ду. Оха дозалла до хIара тхан «интеллектуальни туьшан» декъашхо хиларх.

Дикачу агIор бен евзина а яц. Дала дукхаяха йойла хьо. Дела реза хуьлда хьуна иштта  нохчийн зудчуьн цIе, сий лардеш яхарна. Кхин цхьаъ а ала  лаьа. Зулайс санна нохчийн литературин говзарш исбаьхьа, хаза йоьшуш а, ешна а вац цхьа а!» – элира Б.Хасбулатовс.

Иштта, депутата  Алхазуров Мохьмада а декъалйира юбиляр. Нохчийн Парламентан Председателан, Абдурахманов Дукхувахин цIарах декъалдар а, сийлаллин мидал а елира.

Нохчийн Республикин Юкъараллин Палатин председателан заместитела Хаджимурадов Мохьмада декъалъяран хаза дош элира цунах лаьцна. Серганова ТIауса дийцарехь: «ТIаьхьарчу 15 шарахь юкъараллин «Лам» организацехь болх беш яра  Зулай. 2005-гIа шо кхаччалц лаьттира и иза. Цо  тIом болчу хенахь  ГIалгIайн махкахь болх бира. Зулайс шен пенси а дIалора гIо оьшуш веанчунна. Иза, дицлойла доцуш, доккха  доьналла хилар, къинхетаме дог хилар дара!».

Айдамирова Машара, вайна ма-хаъъара цкъа а ца олу совнаха я ца  оьшу дош. Геннара схьадогIуш гергарло ду церан. «Зулай тхан доьзалехь йоккха меттиг дIалоцуш ю. Абзура хала лайра вайн махка беана тIаьххьара ши тIом. Нохчийн къам юха а махках даккхарна кхоьрура иза.

Оцу халчу хенахь йогIий схьакхочий Зулайс догоьцура  Абузаран. Зулай Мескита яр чIогIа лардора  цо  хIоразза а. Тхуна хьан мах хаьа, Зулай, Дала дукхаяхайойла хьо, Дела реза хуьлда хьуна» – олуш, совгIатна  «Еха буьйсанаш» книга  елира цо цунна. Иза декъалъян баьхкинчарна юкъаъ  Iилманчахз Бислиев Iабдулхьамидах  йисина Бислиева Асмаъ, Соьлжа-ГIалин №54 йолчу  берийн бешан директор Юсупова Роза, «Серло» организацин председатель Батукаева Зайнап, М.Ю.Лермонтовн цIарахчу  литературин-мемориальни музейн директор Темирбулатова Света. Нохчийн Республикин хьакъ болу артисташ Хакишева Соня, Айдамирова Света, Нохчийн Республикин хьакъ йолу журналист Муртазалиева Асет, «Гумс» газетан редактор Борхаджиев Хож-Бауди, илланча Ясаев Мохьмад. Юбилярана зезагийн курсаш, книгаш, суьрташ, байташ елира.

Уггаре а тIаьхьа дан кечдина совгIат  шатайпа хаза  а хиллера,  Къоман библиотекин зала  чу баьхкира Нохчийн Республикин пачхьалкхан симфонически оркестран музыканташ. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин халкъан артист, композитор Паскаев Рамзан. «Леррина Зулайна  кечйина программа ю тхан. Тхоьца цхьаьна I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонин солисташ а баьхкина. «Зулай, хьо тхуна езаш, оха сий деш, лоруш ю», – элира  пондарчас.

Нохчийн, оьрсийн композиторийн мукъамаш, иллеш, эшарш, фирламонин къоначу солистийн цIена аьзнаш – оцу тайпа совгIат цхьа наггахь волчунна бен дина а дац аьлла хета суна.

Дерзорон дош олуш йистхиллачу З.Багаловас элира: «Со ирсе ю шуьца. Суна дукхадеза  шу. Суна-м  эхь хета со йина  де  тIе  мосазза  кхечи а сан юбилейш бахьанехь шу иштта  хьийзар.

Дукхадехийла шу. Дала могаш-маьрша  леладойла  шу!».

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан сурт         

№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: