Симферополерчу дуьненаюкъарчу аэропорте а, цигара Соьлжа-ГIала а юха а кеманаш лела дуьйлалур ду оханан (апрель) беттан 30-чу дийнахь дуьйна.

Ялх шо дара кеманаш оцу шина шахьара лелар сацийна.
Nordwind авиакомпанин кеманаш ду оцу маршрутаца дIасалелар дерш. ХIинцале а дIадолийна билеташ дохкар.
КIиранах шозза – оршотан а, пIераскан а деношкахь – дIасалелар ду Enbrarer Е190 кеманаш. Кемано новкъахь йоккхуш ерг ши сахьт гергга хан ю.
Кеманаш дIасалелар ду эсаран (октябрь) беттан 29-гIа де тIекхаччалц.
Симферополе а, Соьлжа-ГIала а дуьххьара рейсаш еш ю Nordwind авиакомпани.
2015-чу шарахь оцу некъаца дIасалелаш дара «Грозный Авиа» авиакомпанин кеманаш.
«БIаьстенан-аьхкенан муьрехь Симферополерчу аэропортан рейсаш, керланаш юкъаялорца, алсамйовлуш ю. Тхан тешаме партнер йолчу Nordwind авиакомпанин хIокху аэропортехь дуккха а маршруташ ю», – бохура аэропортан коммерцин директора Дяйкин Сергейс.
Хь.САИДОВ
№30, оханан (апрель) беттан 21-гIа де