Устрада-ГIаларчу могашалла меттахIотторан туьшахь болх бан лоьраш баьхкина

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана кхайкхарца Устрада-ГIаларчу «Физически а, реабилитацин а медицинин инновацин туьшехь» болх бан лоьраш баьхкина.

Краснодарера вайн республике баьхкина лоьраш: Аникина Екатерина, Низаметдинова Анастасия, Леонова Елена, Тихонова Елена, Мохьамад Маннан а, Екатерина а дика говзанчаш бу тайп-тайпанчу дакъошкахь.

Иштта, масала, царна юкъахь кардиолог, невролог, травматолог-ортопед, логопед-афазиолог ю.

Шайн коьртачу говзаллица цхьаьна кхин а масех корматалла йолуш бу лоьраш. Царна иза оьшуш ю реабилитацин процесс юьззинчу барамехь дIаяхьарна а, физически а, реабилитацин а медицинин лоьран керла говзалла кхоччуш караерзорна а.

Цул сов, берриге а докторша герггарчу хенахь чекхдоккхур ду Россин Минздраван «Пироговн цIарах НМХЦ» ИУВ ФБГУ-н лоьрийн хаарш тIедузаран Институтан буха тIехь «физически а, реабилитацин а лор» говзаллехула кхитIе а корматалла караерзор.

Иштта, цаьрца цхьаьна республике баьхкина Пироговн цIарахчу медико-хирургин туьшан реабилитацин Клиникин белхахой.

Цара лоьрашца цхьаьна дIахьур ду дарбанаш даран, тренировкийн-Iаморан гIуллакх. Цуьнца цхьаьна дIахьур ду Пироговн цIарахчу Медико-хирургин туьшан лоьрийн говзалла лакхаяккхаран Институтан физически а, реабилитацин а медицинин филиалехь дешаран гIуллакх дIадолорна кечамбар. Иза туьшан буха тIехь схьайиллина ю.

Реабилитацин туьшан коьртачу лоьран декхарш кхочушдеш йолчу Е.Аникинас дийцира реабилитаци яр чIогIа мехала хиларх лаьцна.

Цо дийцарехь, адамийн могашаллица доьзна мел дерг доккхачу маьIне ду. Адаман могашаллех доьзна ду вайн дахарера массо а хIума.

«Реабилитаци яро таро ло стеган таронаш гучуяха, вуьшта аьлча, цамгар текхначул тIаьхьа, иза стенна гуьнахь ву хаа», – бохура цо.

Д.ПАШАЕВ
№30, оханан (апрель) беттан 21-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: