Нашидийн суьйре

Омаев Дагунан цIарах долчу Соьлжа-ГIаларчу Даздарийн цIийнехь «Нашидийн суьйре» концертан программа гайтира берийн «Ихьсан» студис.

Сийлахьчу Рамадан баттана лерина концерт кечйина яра студин директоран, Нохчийчоьнан искусствон хьакъйолчу гIуллакххочун Шагидаева Динин, пачхьалкхан филармонин исбаьхьаллин куьйгалхочун, Кадыровн орденан кавалеран Айдамирова Айманин, режиссер-хIотторхочун Нохчийчоьнан халкъан артистан Авторханов Абумуслиман, берийн «Ихьсан» студин исбаьхьаллин куьйгалхочун, республикин искусствон хьакъйолчу гIуллакххочун Муцаева Седин, Нохчийчоьнан муфтин хьехамчин Дабуль Малек Раджапан семачу тергонца.

«Ихьсана» хьовсархойн кхиэле йиллинера концертан керла программа.

Оцу суьйранна хьовсархошна хезира Iаьрбийн а, нохчийн а меттанашкахь дIалекхна цIеяххана йолу нашидаш.

Сийлахьчу Къуръанан дозаллех, адамашлахь уггаре а дика хиллачу Мухьаммад Пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), бусалба дине болчу безамах лаьцна йолчу нашидаша дог-ойла ца гIаттош цхьа а ца витира.

Хьовсархошна юкъахь бара вайн республикин халкъан артисташ Эсамбаев Iийса, Гетагазова Iайнаъ, Алиева Рашана, Биналиев Руслан, Нохчийчоьнан хьакъйолу артистка Хаджимурадова Радима.

Д.Шагидаевас аьлла ма-хиллара, вайн бахархошна шатайпа совгIат дара хIара концерт мархин баттан юьххьехь.

«Суна даггара баркалла, Дела реза хуьлда ала лаьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а массо а хIуманна тIехь тхуна гIо-накъосталла дарна а, тхан терго ярна а, Дала сагIа дойла цара мел деш дерг! Уьш декъалбан лаьа суна Сийлахь Рамадан бутт тIекхачарца», – элира Д.Шагидаевас.

Ткъа «Нашидийн суьйрене» ван йиш яра муьлххачун а – концерт маьхза яра.

№30, оханан (апрель) беттан 21-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: