«Ахматан» хаза толам

Россин Премьер-лигин чемпионатан 26-чу турехь вайн «Ахмат» командин футболисташ Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат Арена» стадионан футболан майданахь Москвана уллерчу Химкерчу «Химки» командин футболисташца левзира.

Шен ма-хуьллу Премьер-лигера охьа ца яла гIерташ йолчу оцу командин футболисташ а, тренерш а Нохчийчоьнан пачхьенера лаххара а цхьа балл а хьош дIабаха дагахь бара. Шайн и ойла лечкъош а бацара уьш. Цуьнга хьаьжжина дIадолийра цара цхьаьнакхетар.

Юьхьанца дика а ловзура хьеший, къаьсттина церан защитникаш. Делахь а, хIусамдайша тIеттIа чIагIдеш хиллачу тIелатаршна дуьхьал латта, уьш кхиамца юхатоха ницкъ ца кхечира церан.

25-чу минотехь Ильин Владимира шегахьа схьатоьхна буьрка «Химкин» кевна чу тоха аьтто белира Харин Евгенийн – 1:0.

Оцу дийнахь къаьсттина жигара ловзуш волчу В.Ильина хьалхара тайм чекхъяьлла цхьа минот йисинчу хенах юха а дог дохийра церан. Цо тоьхна буьрка схьалаца аьтто ца белира хьешийн кевнахочун – 2:0.

ШолгIачу таймехь а кхин хийца ца делира майданара хьал, аьлча а хьал хийца ницкъ ца кхечира «Химкин» футболистийн.

Бакъду, цхьа гол тоха аьтто-м белира церан. Амма, матчан 65-чу минотехь «соьлжагIалахочо» Мелкадзе Георгийс тоьхначу голо кхоччуш дог дохийра «Химкин» футболистийн.

Цу тайппана, жамI 3:1 долуш, хаза толам баьккхира «Ахматан» футболисташа.

РогIерчу, 27-чу турехь «Урал» командин футболисташца ловзур бу вайн махкахой.

ХIокху турехь «Рубинна» шайн цIахь эшна болу уьш шолгIа а эшо данне а атта хир дац.

Делахь а, вай тешна ду А.Талалаевн вайн футболисташ ир-карахIитто ницкъ кхочург хиларх.

Хь.САЙДАЕВ
№30, оханан (апрель) беттан 21-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: