Хууш ма-хиллара, республикин тайп-тайпанчу школашкахь а, берийн бошмашкахь а МЧС-н белхахоша дIахьош ду бераш цIарах лардарна лерина цхьаьнакхетарш.

Иштта, хIокху деношкахь Теркан кIоштарчу Горагорскан юккъерчу школин дешархошца цхьаьнакхийтира оццу кIоштан цIеяларх кIелхьарабахаран №27 йолчу декъан белхахой.
ЦӀеяларан бохамах лардала Ӏаморан а, иштта цӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран а Ӏалашонца вовшахтоьхна дара и цхьаьнакхетар.
Ӏамораш дIадуьйладелира хаамийн системо цӀе яьлла аьлла, хаам барца. Дукха хан ялале, ПСЧ-27-н декъан цӀеяйъархой схьакхечира. Церан ши Ӏалашо яра: лазийнарг кIелхьараваккхар, цӀе дӀаяйар.
ЦӀеяйъархоша, уггаре а хьалха, «цӀе яьллачу меттигехь» долу хьал теллира, лазийна цхьа а вуй хьожуш.
Лазийнарг леррина башлакх тиллина кIелхьара а ваьккхина, цул тӀаьхьа цӀе дӀаяйъира. ГӀишло чохь чӀогӀа кӀур болуш санна сурт дара хӀоттийна.
И бахьанехь цӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран белхахоша леррина садаӀар лардеш долу духарш а дуьйхина бора болх.
Ӏамораш дӀахьочу хенахь, цӀеяйъархоша гӀишлонна тӀедогӀучу некъийн хьал а теллира, школехь цӀеяйаран гӀирс кхачаме буй а хьаьвсира.
Цул тӀаьхьа, цӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран белхахоша цӀеяларан бохамах лардала дезаш хиларх лаьцна хьехам бира дешархошна а, хьехархошна а, иштта, школин кхечу белхахошна а.
Цул сов, дешархошна Iамийра бохам хилча, нийса, кхоччуш, МЧС-н белхахошна сихха, бохам хилла меттиг карор йолчу агIор хаам бан.
Иштта, дешархойн аьтто хилира МЧС-н белхахойн технике бIаьргтоха а, цIеяларх ларбаларан бакъонаш йовза а, «огнетушитель» муха лело еза Iама а.
ПСЧ-27-н декъан цӀеяйъархоша Ӏаморашкахь шайна тӀедехкина декхарш дуьззина кхочушдира.
А.КАНТАЕВ
№30, оханан (апрель) беттан 21-гIа де