(Поэма)
60-чу гвардейски дошлойн полкехь
Днепр хина эскар дехьадаккхаран гIуллакх къасточу
хенахь эскаран декъан командира, майора Горлатовс цига
вахийта ерриге а шен дикачу амалшца билгалваьккхира
Магомед-Мирзоев Хаважи.
Золотые звезды Чечено-Ингушетии. Грозный, кн.изд. 1985.
[1]Къизачу, буьрсачу тIеман теш хилла,
Лакхенгахь нур лепош цхьа седа Iара,
Къонахчун майраллех чIогIа цецбаьлла:
И седа лаьттехьа бедда дIабайра.
И хIун ду ца хууш, ойлане ваьлла,
Цунах сайн дог лозуш, ас хало лайра.
Йовр йоцу сийлалла махкана елла,
Къонахчун некха тIехь лепарехь тайра.
(Советски Союзан Турпалхочунна
Магомед-Мирзоев Хаважина белла
седа бу буьйцург)
Днепран цу тулгIеша эсала хьоьстуш,
ДIабуза цIийбелла богура малх.
Яьгначу аренгахь гIуьтту кIур лоьллуш,
Дарбелла хьоькхура нуьцкъала мох.
Станкови пулемет кечйина ваьлла,
Хаважи лаьттара шен ойла еш:
«Маржа-я!, фашизм хьо, зулам хьох даьлла,
Хьо бахьнехь эгначийн латта ду теш».
МостагIий дIатийна дикка хан яьлла,
Хууш дац кханено хIун кховдор ду.
Полкана аьтто беш Днепр хих яла,
Буьйсанна тIелата тхан дезар ду.
Хала некъ бу иза хьалхахьа Iуьллург,
Делахь а накъостий лечарчий ду.
Буьрса тIом кхехкачохь догIмашна ницкъ лург,
Вайн хьуьнар совдохург Нана-мохк бу.
Тхан дахар талхийна неIалтийн гIера,
Сан халкъан оъгIазло ю хьуна хьакъ.
Адамалла сийсазъян, хьо хиларх тIера,
Теша со тхайн некъах, тоьлур ду бакъ».
Иштта и ойланаш коьрта чохь хьийзаш,
Тешаме дикалла халкъана луш,
Хаважи лаьттара ойла еш, тийна,
Чов йина, дагийна вайн латта гуш.
БIаьрг бетташ хьоьжура хил дехьа, гена,
Юха а Iалашо лоьцура берд.
Шен хьоме Орга-дин тIекъовлий шена,
Хьестарца лоьхура цунна там берг.
– Бита дин, Хаважи, бурам ду хьоьжуш, –
Буьйранча[2], омра деш, хилира вист,
ТIаьххьара хьастира ховха куьг хьокхуш.
Къастаран халаллин яцара йист.
Дошлойн тIелатаршкахь доккха гIо дина,
Са цIена сан гила, хьо марша Iойла!
МостагIчун дIаьндарго Iожалла йина,
Даймехкан кху тIамехь хьан вон ма гойла!
Бода тIебазбелла, тIееъна буьйса,
Мох хьоькху угIарца, техкаеш буц.
Ма чIогIа хийцаме хета хьо тховса –
Дуьненан Iаламан исбаьхьа куц!
Бутт а мархашлахь тилабелча санна,
Цкъа къегий, серло лой, тIаккха дIабов.
Днепран цу тулгIеша шайн сацар дайна,
Бердах дIаетталуш даржадо «гов!».
Дерзинчу дитта тIехь кIикIмов[3] ду декаш,
ГIелделла, бохам цо схьа кхайкхабо:
– ДIадала олхазар, вац со хьох тешаш, –
Магомед-Мирзоевс и чехадо.
ДIакъахка ца туьгуш, йиш карлайохуш,
Сингаттам балхабеш декара цхьа а.
Хетарехь дара и гIо-орца доьхуш.
ГIайгIанан йийсарехь дисирна ша.
Къинхетам иккхира Хаважин кийрахь,
ГIелделла дог хьаста вирзира тIе:
– Дакъаза ма дала олхазар гIийла,
ХIун бала ахь соьга балхабо-те!
Я тIамо ямартлон шийла катоьхна,
Хьомсарчу доттагIийх даьккхи-те хьо!
Я цIарах йогучу арахь бен боьхна,
Жима доьзал байлахь биси-те хьан!
ХIоранна бахаман дакъа ду кхочуш,
– Хьайн даг чохь чIагIлолахь кху денойн теш.
Бехк боцчийн Iена цIий фашизмах окхуш,
Толамца югIур ю лаьтта тIехь беш.
Цо динчу къамелах ша кхетча санна,
Олхазар дIатийра ца дека кхин.
Собарца къовлалуш, айделла дахна,
Малхбален агIонгахьа дIадайра и.
Кхачаран хьу кхетта зарзделла генаш
Лестадеш, бай мохо лоькхура йиш,
И илли ма дара паргIатехь Iенаш,
И сацо, хIаллакдан яцара йиш.
Дависа-кх, хIунда дац дахар хьох тера,
Мох-иллин амалехь лаца ца луш.
МостагIий, ницкъ эшча, хир бара къера,
Бехк боцурш дахарх дIа ца хадалуш.
Iаламан доттагIий де доьхна гарна,
Цо хьаьж тIехь къуьйлура оьгIазе шад:
– ХIай фашизм, дита уьш, дахийта шайна,
Дуьненан хазаллин ма дайа гIад.
Дерзоран ойлано хала некъ зийра,
Бекхамна сихделла догура дог.
Ткъа хIинца Хаважи цигахь ца Iийра,
Йиллинчу метте цо ловзийра ког.
Бурам тIехь нисбелла тIемалой бевлча,
ТIаьххьара къамел деш командир ву:
– Хаважи, кхиамца хил дехьа девлча,
Тохар деш, хаам бар шуна тIехь ду.
– Накъост командир, луьрачу хьелашкахь
Юха а дуй буу ца довла гал.
Халачу кху тIеман къийсаман некъашкахь
Вай динчу гIуллакхийн ца яйа лар.
Цхьа дехар до хьоьга тхаьш новкъа довлуш,
Лууш ду и дехар ахь кхочушдар,
Тешаме доттагIа – бос хаза Орга[4], –
Со вуха верззалца ахь Iалашвар.
– Иза бен ма хуьлда хьан коьртехь бала,
Хьайн дагна эшам беш, ма вала шек. –
Комэск-ан[5] дийзира довха дош ала, –
– ХIан, гIуо шу, декъала хуьлда шун некъ!
Бердах дIахерделла бурам дIадоьдуш,
Боданан кIоргенехь хьулделла дайн.
Накъостий сихбелла, пийсакаш хьоькхуш,
Цхьабосса декхаршца ларабо шайн.
Деа къоман виъ векал хил дехьа волуш,
Ойланехь лекхало къийсаман мерз.
Оьшшучахь дош ала, мостагIий морцуш,
Даймахко делла ду тешаме герз.
Лечанан доьналлин бIаьргашца хьоьжуш,
Тергалъеш мостагIийн самонан хьаьрк:[6]
Ракетийн серлонаш хьесапе оьцуш,
Хаважис лардора шаьш сацийнарг.
Керлачу хьелашца Iалашо юстуш,
Бурам тIехь хьакъ доллу урхалла доллу,
Днепран и тулгIенаш раз-пурх ша цоьстуш,
Вара и разведкин къайле ларъеш.
Схьатеба боданах хьаьрчина бердаш,
Тешнабехк хьулбина, дIатийна го.
Сихделла бурамца царна тIегIерташ,
ЦIеххьана хьалхахьа сурт кхоллало:
– Кузнецов, Юнусов, гой шуна гIаларт?
Герзашца къовлалой, само еш Iе!
Оьшуш дац ваьшкара далийта гIалат,
МостагIий тидамехь аш латтабе.
Хьалахийци юха а цхьа ракета,
Маржа яI, цо чIогIа новкъарло йо:
– Сосанашвили, бердах цIе лета, –
Гой хьуна – серлоно тIеIаткъам бо.
Хаважин омрано дегнаш яхь дохуш,
Халонаш эшорехь г1уллакхо зуьйш,
Турпалчу хьуьнарша толаме кхойкхуш,
Кхолламна дуьхьала оьхура уьш.
Аз айдеш хазарехь гIовгIа ю гергахь,
– И хIун ду? – тIемалой ладоьгIуш Iа,
Хаважис кхетабо: «Днепр ду гIергIарг,
Гена яц бердан йист кхузара дIа».
УгIура тулгIенаш, тийналла чехош,
Ткъа хино лебора шен толкха мотт.
БIаьхоша бердана йистехьа теIаш,
Куьйгашкахь къуьйлура герз, пулемет.
– Вай хIинца схьакхечи, охьадисса – олуш,
Бурамара воьссира и Хаважи.
Берда тIехь хезира цхьа гIовгIа йолуш,
Цо къамел доладо дIасахьожий:
– Бердана тIехула гIаларташ лела,
Сихаллех кхиамаш вайн боьзна бу.
Цу ткъесан битамехь тохар аш делаш,
Моьттуьйтуш стигланаш тIейоьлхуш ю.
Некъаца масийтта гIулч хьалха йоккхуш.
– Русиш! Партизанен! – хезира мохь…
Туьйхира, ийгира мостагIий морцуш,
ДIаболабелира халачех тIом.
Догучу хIоьънашца мостагIий морцуш.
ТIеман хьал тидаме оьцура аш.
Хьалха шайн беллачех йогIу чIир оьцуш,
МостагIчо лоьцура цIийделла даш.
Хаважи хууш ву тIеман хьал довза,
Къонахий хьуьнаршна цо гIиттабо.
Цхьанге цо ца бойту мостагIий «ловза»,
Лалийна даш кийрахь уьш эгабо.
Къинхетам боцу герз хьалхахьа дерзош,
Боьрана чухула хьаьлхира тIе.
Шен хенахь даьллачу герзо цIе летош,
МостагIе хIоттийра декъаза де.
Iожаллин дIаьндаргаш хьалхахьа лоьхкуш,
ТIеман хьал тидаме ийцира аш.
Яхь йолчу къонахийн бекхамо лоьцуш,
МостагIна кхачийра чурт доцу каш.
Сийначу стигланах шайн кораш даьхна,
Лаьтта тIе бIаьрг боьгIна[7] Iа седарчий
ДIадайна хетара, кIуьрала дахна,
Лан ца луш бехк боцчийн Iанийна цIий.
ТIам бойначу цу хьаргIанах таръелла
РогIера буьйса синтем кховдош яц.
Маржа яI, хIай кхоллам, хьо къиза хилла,
Ахьа кечдинчух цхьа а валалац.
Буьйсанна Iаламехь ен ойла яржош,
ЦIеран дорцехь шокъалеш цIийзара.
Боьду тIом Хаважис тидамехь латтош,
МостагIий хина гена бехира.
– Тоха кIентий! И мостагI хIаллаквелаш! –
Майрачу бIаьхойн дегнаш гIиттадеш.
Хаважи ву халачу хIуттий, леташ,
Пулеметца и йовссарш эгадеш.
Шакаршца цхьаьнадогIу хIоьнаш лелха.
Сийна кIур бу тIеман арахь гIуьттуш.
Маршо къуьйсуш реза бу уьш кхалха,
Iожаллина майрра дуьхьал хIуьттуш.
МостагIашна кIенташа кхерам туьйсуш,
Жигара даьхна дIахьо тIелатарш,
Бердаш тIера дIайолу аре къуьйсуш,
Син метта тоьхна, човхий ардангаш.
ТIеман хьал коьртачу тидаме эцна,
ТIемалошна тIехь ша куьйгалла деш,
Хаважи ву шен Iалашонах тешна,
Цу бIаьхаллин декхарша гIиттавеш.
Ца хаьа мостагI хIунда эрг1адваьлла,[8]
И хиллачохь къиза лараш гора.
Хиларна массарна зуламе ваьлла,
Цунна халкъо неIалт кхайкхадора.
Днепран арара хьал девзина ваьлла,
Эли:[9] «Некъ бу безарг цIарца аха».
Ткъа радисто радиограмма елла,
Сихди «беза ницкъаш» дехьа бахар…
ТIаьххьара тохар
Фашистийн ницкъийн цу боламна
Син метта тохар дан ларош,
Хаважис некъ боккху толамна,
Полкана гIо деш хих яла.
ДIовш Iеттош, цIийделла «ДОТ-н» Iуьрг,
КIенташа дахийти шалха.
Ткъа даго: «Сих ма ло!» – етта муьрг, –
Йиш яц вайн кху муьрехь кхалха.
Тешамна зеелла гранаташ
Кхийсира, Iалашо лоцуш,
МостагIчун чIагIонан татанаш
ДIадайра, кхин хезар доцуш.
Iожаллин йиш лоькхуш, даръелла.
ХIаваэхь цIеран некъ буьллуш,
Малхбалехь «катюшаш» сихъелла,
Лен тало мостагIна лоьллуш.
ХIоъ-молхан тIеIаткъам совбаьлла,
Халаллин киртиг тIеязлуш,
Хаважис доьналлехь чIагIвелла,
Еттара пулемет кхойкхуш:
– Кузнецов, дIанехьа хьажалахь!
Юнусов, хьо юккъе таIалахь!
Сосанашвили, тIетохалаш!
Днепр тIе богIу некъ бехкалаш!
Лелхара дIаьндаргаш цIийъелла,
Буьрсаллехь луьра тIомскхехкаш.
Йогура аренаш цIе яьлла,
МостагIий уьдура къехкаш.
Къизачу боламан аьрха мур
Хийцалуш, толаме боьрзуш,
Гонаха айделла даьржа дурр,
Йовссарийн дуьхьлонаш хьоьшуш.
Полк ю и Днепрах чекхъяьлла.
Хьалхахьа сихдинарг болар,
Къийсамехь ша яхчаелла,
ЙогIуш ерг мал ца деш тохарш.
– Ура! – аз даьржи тIеман арахь,
Хаважи букъ нисбеш гIаьтти,
Станкови пулемет куьйгахь
Виги и машино хьаьдда.
Полкан даш – цIеран даш ца лайна,
Толаме сатийсам дIабайна.
Фашизман эскаран тулгIенаш
Малхбузе керчира цIий Iенаш.
[1] Боврбоцу седа – неугасимая звезда.
[2] Буьйранча – командир.
[4] Орга – динан цIе.
[5] Комэск – эскадронан командир.
[6] Самонан хьаьрк- серлонан ракета.
[7] Лаьтта тIе бIаьрг боьгIна – латте бIаьрг хьажийна
[8] Эргадваьлла – лартIара ваьлла, хьераваьлла, кIоршаме эвхьазваьлла.
[9] Эли — вуьйцург ву.
№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо

