Нохчийн Республикин хӀора а кӀоштахь дӀахьош яра Ерригроссин къоначу ешархошна юкъахь дӀахьош йолчу «Дийна классика» Х-чу конкурсан схьакъасторан тураш.

ХӀокху деношкахь конкурсан регионан мур дӀа а бирзина, толамхой билгал а бевлла. Республикин кӀошташкара 53 дакъалацархо вара шайн хьуьнарш къовсуш.
Актеран говзалла, озан зевне декар, сценин къамелан цӀеналла – и дерриг а лоьруш дара жюрин декъашхоша шаьш мах хадош.
Оцу конкурсехь дакъалоцуш болу кегийрхой 10–17 шераш долуш хила безара.
Книгаш ешар дукхадезна ца Ӏаш, шаьш ешна говзарш (книгаш) шайн нийсархошна йовзуьйтуш, царна уьш марзъеш хила а безара.
Жюрин сацамца Ерригроссин «Дийна классика» конкурсан регионан муьрехь тоьлла: – Такаев Акраман, Теркан кӀоштарчу Макане юьртарчу школин 8-чу классан дешархо (В.Постниковн «Ай, да Пушкин» говзар); – Пагаева Ясмина, Соьлжа-ГӀалин «Дистанционни дешаран туьшан» дешархо (Ж.Вернан «Дети капитана Гранта» говзар); – Хадаев Мохьмад, ТӀехьа-Мартан М.Гайрбековн цӀарахчу № 2 йолчу школин 10-чу классан дешархо (Л. Н.Толстойн «Война и мир» романан кийсак); – Зубайраева ПетӀамат, Курчалойн кӀоштарчу ЖугӀурта юьртан школин 8-чу классан дешархо (Д.Б.Шоун «Монолог Жанны Д’Арк»).
ХӀутосург (май) баттахь оцу кхаа ешархочуьнга хьоьжуш йоккха программа хир ю «Артек» дуьненаюкъарчу туьшахь. Цигахь царна дарсаш луш хир бу пачхьалкхан тоьллачу театрийн вузийн хьехархой, бевзаш болу журналисташ, яздархой.
Цул сов, Россин тоьлла ешархо цӀе къовсучу зерашкахь дакъалаца аьтто хир бу церан.
Ерригроссин «Дийна классика» Х-чу конкурсан финалан мур хӀутосург (май) беттан 23–24-чуй деношкахь дӀахьур бу.
Билгалдаккха деза Ерригроссин къоначу ешархошна юкъахь дӀахьош йолчу «Дийна классика» Х-чу конкурсан регионан муьран 11 дакъалацархо лауреат хилла хилар. Уьш бу: Маркаев Ӏалихан, Дадашева Ясмина, Ахъядова Макка, Коев Хьамзат, Лабазанова Луиза, Бухажиева Амина, Ибрагимова Ясмина, Зелимханов Адам, Шамсадов Мухьаммад, Хамбулатова Зайншарифа.
Царна а, конкурсан берриге а дакъалацархошна а дипломаш а, совгӀаташ а, исбаьхьаллин литература а елира.
Регионан мур дӀабаьлча хир бу тӀаьххьара къовсам. Россин пачхьалкхехь уггаре а йоккха лоручу оцу литературин проектехь тоьллачу кхаа ешархочо шайн гӀалин цӀарах дакъалоцур ду конкурсан финалан муьрехь. Финалан мур а, толамхошна совгӀаташ далар а Санкт-Петербурган Дворцови майданахь дӀахьур ду.
Регионерчу тоьллачу кхаа ешархочо шайн хьуьнарш къовсур ду вайн мехкан ешархошца. Цигахь динчу жамӀашца бевзар бу финалан туран дакъалацархой. Цхьана регионера 1–3 ешархо хир ву ерзоран турехь.
Билгалдаккха деза кхушарахь «Дийна классика» конкурсан юбилей хилар. Дуьхьарлера конкурс 2011-чу шарахь хилира. Юбилейна лерина башха совгӀаташ кечдеш ю конкурс дӀаяхьарна жоьпалле йолу тоба.
Дакъалацархойн хьуьнарийн мах хадош хир бу вайн пачхьалкхехь бевзаш болу яздархой, журналисташ, актераш, режиссераш.
Конкурсан гурашкахь кхочушъян лерина культура а, искусство а езачарна лерина йоккха программа.
«Дийна классика» Ерригроссин литературин проект дӀахьош ю Россин серлонан министерствос Россин Федерацин Президента граждански юкъаралла кхиорна къасточу грантан гӀоьнца а, Б.Щукинан цӀарах йолчу Театран институтан а, Россин Федерацин ерриге а субъектийн куьйгалхойн а гӀоьнца а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№30, оханан (апрель) беттан 21-гIа де