ТӀедогӀучу шарахь йийр йолчу объектийн дизайн-проекташ къастор дӀадолийна тахана

Тахана дуьйна дӀадолийна федеральни za.gorodsreda.ru платформехь онлайн-кхажтасар.

14 шарера бевллачу Нохчийчоьнан бахархойн таро ю тӀедогӀучу шарахь йийр йолчу объектийн дизайн-проекташ къасто.

Онлайн-кхажтасар 5 кӀиранах лаьттар долуш а, тӀебогӀучу беттан 30-чу дийнахь дӀадоьрзур долуш а ду.

Дагадоуьйту Нохчийчоьнан цӀарах оцу кхажтасарехь дакъалоцуш 30 гергга объект хилар.

Уьш йийр ю Соьлжа-ГӀалин а, Устрада-ГӀалин а округашкахь а, иштта, Гуьмсан а, Шелан а, Курчалойн а, Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а кӀошташкахь а.

«ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» проектан гурашкахь йийр ю и объекташ.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: