НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан декъалдар

Нохчийн халкъана уггар мехалчех а, доккха маьIна долчех а цхьа деза де ду Нохчийн меттан де. ХIокху дийно кхин а чIагIбо ненан матте болу безам, сий-ларам, йовзуьйту цуьнан мехалла, гойту къоман дахарехь цо лелош долу маьIна. Муьлххачу къоман санна, нохчийн халкъан а коьрта билгало ю цуьнан ненан мотт.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) билгалдаьккхина ма-хиллара, нохчийн халкъ шен амалх, шен гIиллакхах, эхь-бехках, ийманах ца дуохуьйтуш йолу мокхазан чIагIо ю ненан мотт.

Ахьмад-Хьаьжас цIена, шера, хьекъале буьйцучу ненан матто, вайн мохк, халкъ дезаро, кху махках цуьнан дог лазаро вайн халкъан цхьаалла чIагI а йира.

Цуьнан весеташ кхочуш а деш, цо хьехначу новкъа схьавогIуш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана тахана дерриге а хьелаш кхоьллина, аьттонаш а бина нохчийн мотт Iалашбан, кхион, марзбан, баржо.

Иза дика хаало Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос хIора дийнахь беш болчу балхахь, ненан мотт кхиорехь тхуна хьалхахIитточу мехалчу а, жоьпаллечу а декхаршкахь, вай кхочушдечу гIуллакхашкахь.

ТIаьхьарчу шерашкахь, баккъал а, хаалуш бу нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а вайн махкахь бохуш болу кхиамаш. Къаьсттина хазахеташ ду кегийрхойн ойла ненан мотт Iаморна тIейоьрзуш хилар, царна иза марзлуш хилар.

Ас даггара декъалво вайн Мехкан да, Россин Турпалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, вайн дерриг халкъ а Нохчийн меттан дезачу денца. Лаьа шун массеран а дахар ирсе, беркате, токхе хуьлийла. Везачу АллахIа аьтто бойла массеран а.

№31, оханан (апрель) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: