Журналисташна совгIаташ дира

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон конференцзалехь дIадаьхьира Нохчийн меттан денца доьзна нохчийн маттахь болх бечу журналисташна совгIаташ даран даздар.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, нохчийн маттахь болх бечу республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш а.

Нохчийн мотт а, нохчийн маттаца болх бен журналисташ а тахана мел оьшуш бу а хьахош, вистхилира министр Дудаев Ахьмад.

Цо билгалдаьккхира Нохчийн Ре спубликин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана журналистийн, къаьсттина нохчийн маттахь болх бечу журналистийн лаккхара мах хадош а, сий-ларам беш а хилар.

Нохчийн мотт а, литература а Ӏалашъярехь а, кхиорехь а, яржорехь а дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а, Нохчийн меттан де билгалдаккхарца доьзна а, цхьамогӀа журналисташна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон Баркаллин кехаташ а, ахчанан совгIаташ а делира Дудаев Ахьмада.

Билгалбаьхначу журналисташна юкъахь бара республикин «Даймохк» газетан корреспондент Муртазов Iадлан, корректор Магомаева Марем, жоьпаллин секретарь Ибрагимова Лиза, республикин «Исламан зӀаьнарш» газетан кхочушдаран директор Заурбеков МасӀуд, «Зорбатохаран цӀийнан» директоран заместитель Алиева Зарина, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу «Путь» радион белхахо Арипханов Адам, «Вайнах» телерадиокомпанин радион корреспонденташ Лорсанова Зарета, Исакова Макка, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин корреспонденташ Абдулмуслимова Санет, Ахмедов Артур.

I.МУРТАЗОВ
№31, оханан (апрель) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: