ХӀокху гуьйранна Ростовехь а, Москвахь а дӀахьур бу «Россин шеран хьехархо – 2021» конкурсан тӀаьххьара мур. Ткъа карарчу хенахь дӀахьош бу конкурсан регионан мур.

Дагадоуьйту «Россин шеран хьехархо – 2021» конкурсан толамхо Ростов гӀалин математикин хьехархо Гуров Михаил хилла хилар.
Конкурсан ламастаца нийса а догIуш, цул тIаьхьа йолчу конкурсан финал толамхочун махкахь дIахьо.
Россин дешаран хьаьрмахь уггаре а дукха хьехархоша дакъалоцуш йолу конкурс вовшахтохараллин комитетана юкъахь ю Россин Федерацин серлонан министерство а, Ерригроссин дешаран белхахойн Профсоюз а, «Издательски дом» а, «Учительская газета» а.
Россин регионашкара 100 эзар сов хьехархо цхьаьнатуху «Россин шеран хьехархо» хӀорашеран конкурсо. Иза дӀахьош йолу 30 шо ду.
Хьехархойн говзаллин мах хадош, жюрина юкъахь хир бу кхул хьалхарчу шерашкахь «Россин шеран хьехархо» конкурсан дакъалацархой хилла, дешаран хьаьрмахь бевзаш, зеделларг долу хьехархой.
Онлайн-трансляцица teacherofrussia.edu.ru сайта тIехь хьеннан а йиш ю хьехархоша-конкурсанташа лучу дарсашка хьажа а, хьехархойн хьуьнарийн а, говзаллин а мах хадо а, шайна дика хеттачу хьехархочунна шайн кхаж дIабала а.
З.ХИЗИРОВА
№31, оханан (апрель) беттан 24-гIа де