Россин Федерацин Правительствон Председатель Мишустин Михаил белхан гIуллакхца Нохчийчохь хилира. Иза цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.
Мехкан Премьер-министра оцу цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира республикехь кхочушъеш йолчу ерриге а программийн Россин Правительствос гIолоцург хилар.
«Нохчийн Республикин яккхий таронаш а, тIаьхьалонаш а ю, регионан куьйгалло кхиамца царах пайда а оьцу. Таханлерчу дийнахь республикехь сиха кхуьуш ю медицина, дешар, Iилма», – элира М.Мишустина.
Цо, иштта, хаам бира регионна 3,75 миллиард сом ахча доуьйтург хиларан хьокъехь.
Шен рогIехь Кадыров Рамзана довзийтира Нохчийчуьра социально-экономикин хьал.
«Коронавирусан пандемица доьзна чолхаллаш нисъеллехь а, тхан ницкъ кхаьчна кхиарехьа беш болчу некъан боларш лах ца дан. Оха беркате гIуллакхаш а до, юххера зIе а латтайо хьан заместительшца а, министрашца а, кхиамца кхочушдо пачхьалкхан программийн, къоман проектийн, федеральни адресийн инвестицийн программийн гурашкахь социальни а, экономикин а кхиоран гIуллакхаш. Цо дика тIаьхьенаш а ло», – бохура Р.Кадыровс.
Нохчийн Республике еанчу Россин Правительствон делегацина юкъахь вара вице-премьер Трутнев Юрий, Россин Президентан Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Чайко Юрий, Россин Серлонан министр Кравцов Сергей, экономикин кхиоран министр Решетников Максим, могашаллаIалашъяран министр Мурашко Михаил, Iилманан а, лаккхарчу дешаран а министр Фальков Валерий, финансийн министран хьалхара заместитель Горнин Леонид, кхиберш.
Премьер-министр М.Мишустин хьалха а волуш, уьш, хилира интеллект галъяьллачу берашна лерина еш йолчу школа-интернатехь. Иза товбецан (сентябрь) баттахь схьаелла езаш ю. М.Мишустин дешаран заведенига а хьаьжира, берийн дай-наношка вист а хилира.

Цул тIаьхьа иза республикин перинатальни туьшахь а хилира. Иза болх бан йолаелла пхи шо ду. Учрежденина кхачо йина кхузаманан тоьллачу гIирсашца а, лаккхара корматалла йолчу говзанчашца а. Цо таро ло цомгашчеран хьашташ лаккхарчу дикаллица кхочушдан.
Михаил Владимирович палаташка а хьаьжира, белхахошка вист а хилира.
Иштта, Правительствон Председатель академикан М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан техникин пачхьалкхан университетехь а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин мемориалан комплексехь а хилира.
Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий-ларам беш, мемориальни экъанна хьалха зезагаш а дехкина, Ахьмад-Хьаьжин белхан кабинете хьаьжира иза дукха лерина.
Массанхьа а хьожуш чекхваьллачул тIаьхьа, М.Мишустина мехкан Правительствона тIедиллира Нохчийчохь кхаа сменехь дешар дIадаккхаран гIуллакх йоццачу хенахь чекхдаккхар.
Цо билгалдаьккхира Нохчийчоьнна юккъерчу тIегIанан говзанчаш кечбаран программа кечйийриг хилар, дархошна лаккхарчу технологин гIо дарна гIирсаш эцарехь Россин Правительствос гIо дийриг хилар.
Цунах дерг цо элира Нохчийчу вар бахьанехь шен кхоллаелла ойланаш журналисташна йовзуьйтуш.
Кхузахь гинчо ша цецваьккхина хилар хьул ца дора М.Мишустина.
Д.АНАДЕВ
№32, оханан (апрель) беттан 28-гIа де