(Забаре дийцар)
– Ассаламу Iалайкум, Мурдал! Хьо ма гIайгIане Iаш ву, хьайн цIартIехь йолуш, зуда кхечуьнга маре яхча санна.
– Ва Iалайкум салам, Баймурд! И кочара яллал ирс долуш стаг дера вацара со. Къемат дийнахь а иза тIаьхьара цаяларна кхоьруш ву со-м. Кху кроссвордо холчахIоттийна со, цхьа дош лартIехь дага ца догIу.
– Дера догIур дара, урокашкара дIауьдуш, «одна пара, вторая пара» бохуш, школин кораш кIел хьо лаьнганах ца левзинехь-м. Деша бехира хьоьга, бежехь латта ца лаахь… Кроссвордах бала хилла хьуна, двоешник!? Схьадийцал, ас элп алале массо дош дIаэр ду хьоьга.
– ДIавалахь, нохчийн маттахь ю хIара! Хьайн хIусамехь а муьжгийн мотт буьйцуш волчу хьуна хаьа суна цахуург? Эхь ду-кх иза, цхьа дош дага ца догIу-кх суна.
– Хьуна хIун хаьа ас сайн хIусамехь хIун мотт буьйцу, кхин суна тIе турмал ерзийна Iаш-м вац хьо?
– Хьан хотIе ма хьаьжжи хаьа-кх! «Мерси», «пардон» бохуш, хьан сеттарех хаьа-кх, къаьсттина зудабераш долчохь хьайна цхьа хIума хаьа моттийта гIерташ, ткъа кхузахь нохчийн мотт бу, вайн ворхIе дайх бисина мотт!
– Хилча хIун ду иза нохчийн мотт, иза бац Дала кхоьллина адамийн мотт! Сан да-нана-м нохчий дай, цул совнаха, сан зуда ю цIена нохчи. Зудабераш долчохь «сеттар» иза сан «интеллигентность» ю, хьуна лаахь «воспитанность» ю. Царна ма лаьа, цкъачунна, байлахь долу шайн къона дегнаш цхьамма хьостийла… Ткъа кроссворд иза кхин ду, цигахь хьекъал оьшу, хаарш оьшу… схьахаттал… Вай хIинцца цу бийр бу хьуна цу хьан кроссвордах.
– Дика ду делахь, хIун олу нохчийн маттахь клеенкех? Пхи элп.
– «ХIун олу?» нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а клеенка яц иза? Нохчийн матте яьккхича кхин куз-м ца хуьлу цунах???
– «Куз» кхо элп бен дац, ткъа кхузахь пхиъ хила деза.
– Хьажахь, нохчийн маттахь иштта дахдой кле-е-е-енка ма ца олу цунах, дIаяздехьа килок алий, тIаккха пхи элп хуьлу хьуна.
– «Килок» ма яц иза киленка ю, иштта аьлча ворхI элп хуьлу цигахь.
– Цхьа маьIиг дIахадаяй яцъе, чIогIа воллу хьо, цунах вала волчунна дагтIе дуьллу молха дина, кхин хаттар дехьа, цахуург тIаккха ша-шаха дIанислур ду хьуна.
– ХIун олу нохчийн маттахь ртутьтах?. Пхи элп.
– Дависа и пхи элп бен кхин хIумма хууш бац-те хIара кроссворд хIоттийна газетан белхахой?
– Дика ду делахь, обарг Зеламха шен исбаьхьчу озаца цецваьккхина оьрсийн иллиалархо. ВорхI элп.
– ДIаязде! Макка Межиева!
– ХIей! ЦIавола, вайн говраш цIаяьхкина. Обарг Зеламха цецваьккхина оьрсийн иллиалархо! Ни Азербайджан!
– ВаллахIи хьох тера хилла и кроссворд хIоттийнарг. Моьттур ду обарг Зеламха оперни театре вахана оьрсийн йир еттачаьрга ладоьгIуш Iийна. Иза-м обарг хиллий, Iедало лохуш хилла, хьо санна кроссворд марайоьллина, театрехулий, концерташкахулий волавелла лелаш ца хилла. Кхин цхьа а лартIехь хаттар дуй оцу хьан нисъеллачу кроссвордана юкъахь?
– БIаьрг лаьцначунна тIехула хьовзийна, цIерга кхуссург? Пхи элп.
– Астог1фируллахI! Юха а пхи элп. Цхьа астаг1а алфавит хилла моьтту суна и кроссворд хIоттийначо Iамийнарг. Бензин!
– Пхи элп! Дика Iи хьо «нефть» ца олуш.
– Ма ала иза мехкадаьтта ду! ХIа! Дагадеа! Суна бIаьрг ца хилийта, тхан нанас даима кочахь хIайкал леладойтура соьга.
– Хьоьга кочахь леладойтура, ткъа кхузахь цIерга кхосса деза.
– ЦIерга кхуссур ду-кх…
– Ахь мичча кхоссахь гIуллакх хир дац, «ХIайкал» ворхI элп ду, ткъа кхузахь пхи элп бен ца оьшу.
– Эврика! ДIаязде делахь «Жайна»!
– Ца нисло! Пурхнехьа доьдуш кхин дош ду, хьалхара элп «Х» долуш.
– И мичара дели хIинца?
– Ой! Цкъа а кроссворд газа ву хьо! Охьанехьа, пурхнехьа ца хуьлу кроссвордан!? Кхузахь яздина иштта хаттар ду-кх «тапча чу юьллу тIоьрмиг» ворхI элп! Хьалхарниг «Х».
– ДIавалахь, тентак! ТIоьрмиг чохь лелайо тапча! ХаьнтIехь ца лелайо иза?
– ТIаккха нийсса ду, «хаьнтIе» – ворхI элп. Ма дика ду и цхьаъ мукъане вайшинна хиъна.
– ХIей! Собарде, цхьа тIоьрмигаш дуьйцуш ма вара хьо.
– ДIавалахь. Галбевлла яздина хир дара цара иза-м, хIинца кIорггера нохчийн мотт хууш бисина дукха нах ма бац. Цул хIара хаий хьажахь.
– Схьадийцал.
– Нохчийн даар. ВорхI элп.
– «Оливье»!
– Ахь хIун дуьйцу? «Оливье» нохчийн даар ду?
– Иза а нохчийн даар дацахь, кху дуьнен чохь нохчийн даар дац-кх. Марха достуш цхьаьннан а чу ца воьду хьо? Оливье баьрччехь йоцуш цхьа хIусам хьуна караяхь, ахь бохург до-кх ас.
– ВаллахIи кху кроссвордана мегаш-м дац и даар, ялх элпах лаьтташ дош ма ду иза, ткъа кхузахь ворхI элп оьшу.
– «Винигрет».
– БархI элп ду «винегрет» юкъахь.
– «Винигретана» юкъахь буракаш, жIонкаш, хохаш, хичу йоьхкина наьрсаш ю, элпаш дац, хьуна-м цкъа а даарш гинчух тера дац, концлагерера сийсара араваьлча санна ву хьо тIехьаьжча…Хьайн делахь кхин хаттар дехьа.
– Дича хIун пайда бу цуьнан, хьуна цхьа а хууш ца хилча.
– ДIаязде. ХьолтIам!
– Не пойдет. Ялх элп ду, ткъа вайна ворхI элп оьшу.
– ХIунда дац цигахь ялх элп бен, дIаяздеш-м кхузткъе кхойтта ма хуьлу цигахь, хьо уьш кхин цецанах луьттуш-м вац, хьайна цатайнарг юкъара дIадоккхуш? «Х» дуй, цунна тIехьа лаьтташ кIеда хьаьрк юй?
– Собар! Собар дукхавахарг! «Хай», «кIеда хьаьрккий» вовшахтоьхча шалха элп хуьлу, цундела ю иза «Хьолт1ам», холтам яц. Шалха элп цхьана клетки чу дуьллу, хьолт1ам доша юкъахь, шиъ ду шалха элп, кхетий хьо. Пенах кхетарг?
– Ахь хIун шалха элпаш дуьйцу? Хьайга нийса дIааьлла дош дIаяздехьа, Ахмадов Мусас санна, хаарийн тускарш ца дуцуш.
– Ахь нийса алахь-м яздийр ду, дистина догIучу хие санна чалхаш ца текхош. Нохчийн дааран цIе яккхахь, оливье, винигрет бохуш, мустъелла диларш ца кегош.
– Нитташ.
– Баба ма дала хьан! Хьайн хаза хиларца къора ву хьо! Нитташ. Ялх элп бен дац, ткъа хьоьга цкъа д1ааьлла ворхI элп оьшу, ворх1.
– Ч1епалгаш.
– БархI элп ду! Ца леци ахь сатийсаман Iалашо, куьг чолакхчо кхоьссина мажар санна, б1останехьа дирзи хьан жоп.
– Вай со вала велла! Лурчахлера шира дуо буза атта ду хьан кроссворд хьалаюзучул-м! Яла мукъане мичара яьлла хьуна иза? ХIумма а юй массо а дош хуучунна совгIатна йиллина, профессор хила веза и кроссворд ян говза верг…
– Писала вала хьо! Дерриге а соьмаца дуьстина ду-кх хьан. Ненан мотт хаьара аьлла, мидал олла еза хьуна? Лаха ара валарх доза карор доцуш сутаралла йоллу оцу хьан декхачу сица! ХIахI! ДIалаца! ХIара тIаьххьара уггаре а доца хаттар ду хьуна. ЖIаьлина доьша дутту дечиг пхьегIа. Кхо элп.
– Дела, валалахь орцаха! Дера бу кад!
– Алло! Дечиг пхьегIа!
– Дечиг белахь а, аьчкан белахь а, дашо варкъ даьккхина белахь а кад бу-кх иза! Тхан зудчо, масала, тхан жIаьлина хьалха хрустальни кад буьллу! Хьенан хIун бала бу! ХIу дойла къечу нехан! Кад сан бу! ЖIаьла сан ду!
– ТIехьаьвзина даьлла, заза хецна доьдуш хьайн ирс ду-кх, иштта зуда нисъялар! Хьастаха со чу веача, хьуна хьалха цо хIоттийнарг-м наштаран кад бара!
– Хьажахь, накъост! Хьо оцу кроссвордо бале лаьцна араваьлла ву, я сан чоь, хIусам нахала яккха бахьанаш лоьхуш ву! Хьоьга ца лало и дош суна карийна! ДIаяздехьа «кад»! Iаьржа дог ду цу хьан кийрахь, бур-заманера буька яй санна!
– Дог реза дина яздийр дара мегаш хилча! Амма кхузахь иза ца мега!
– ХIунда ца мега иза??? «Кад», «пхьегIа», кхо элп.
– Юккъехь «У» ду цунна пурхнехьа догIуш.
– Ас аьлла-кх хьоьга, дечиган кад хила ма мега иза, тIаккха и хуьлийла дац юкъахь у доцуш. Аннаш кхин стенах доху моьтту хьуна??? Дечигах, диттех, пилорама.
– Элп «У» ду цу дашна юкъахь, хьун, дитташ дац кхузахь дуьйцург! Элп «у-у-у-у».
– Сан жIаьла дан а дац. Наха шайн жIаьлешна доьша стенна чохь делча а сан бала бац!
– Ой! ХIинцца-м хрустальни пхьегIаш чохь хIума яош, дустош ма дара хьан иза, ма сиха къайладели, стенга даха иза, хIун хили цунах?
– Хьастаха чувеанчохь хьох бIаьрг кхетча, дог гIелделла делла иза, хьо марша! Нету! Помёр… Витахь со!
– Ца витина ас хIун до хьуна!? Хьайна ца хуучу нохчийн маттана къера хилахь «Со нохчи ву, борз ехкинчу буса вина! ЦIоькъалоьмо шен маьхьарца вижинчуьра гIаттийна!» бохуш, чу ца гIерташ.
– Кхин нохчийн маттахь мохь бетташ-м дацара и цIоькъалом? Нохчийн мотт хаьа суна, хьоьца бийца жIаьлин мотт ца хаьа. ХIун бен яра жIаьлина яа хIума стенна чохь елча? Коьртаниг дуьзна хилар ду.
– Дуьзначу жIаьлин «гIалх» ала карах ца долий хаьий хьуна? Хьо а жимма меца велахьара бакъахьа вара, тIаккха хьуна хьайн ненан мотт хуур бара, еса кураллаш ца кхуьссуш.
– Хьо ву чIогIа хьийкъина, кан баьккхина воьдуш, хьуна ма ца хаьа и нохчийн мотт, хIинцца дац цхьа дош дага ца догIуш, мар велла мечик санна, хьо оллавелла Iаш?..
– Ас Iамор бу, Дала мукъ лахь, сайх нах ца белош…
– Iамор бу!? Схьавало делахь, ликбез схьаелла воьду вайшиъ! Пайдехь гIуллакх дуй-те иза, нохчийн мотт Iамош курсаш схьаеллар???
Маьлх-Аьзни
№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо