Даздаран хьолехь билгалдаьккхира Нохчийн меттан де

Соьлжа-ГIаларчу Омаев Дагунан цIарахчу даздарийн цIийнехь, баккъал а, массеран а дог-ойла гIаттош, ненан матте марзо, безам кхуллуш дIадаьхьира Нохчийн меттан де.

Даздарш дIа а долош, къамел динчу Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис дийцира нохчийн матто къоман са а, амал а, гIиллакхаш а лардарехь лелош долчу мехалчу маьIнех лаьцна, вайн дайша иза ларбеш вайга схьакхачийна хиларх лаьцна, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн халкъана уггаре а хала, кхераме беанчу муьрехь иза Iалашбаран а, кхиоран а хьокъехь гIайгIа беш хилла хиларх лаьцна.

Цо аьлла ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен ден весеташ кхочуш а деш, дерриге а хьелаш кхоьллина Нохчийчохь ненан мотт Iалашбарна а, кхиорна а, баржорна а, цуьнга марзо кхолларна а.

Министра дош делира Нохчийн Республикин Правительствон Председательна Хучиев Муслимана.

Нохчийн дерриге а халкъ ненан меттан денца декъал а деш, цо вайн дахарехь а, тIекхуьу къона тIаьхье кхиорехь а лелош долчу маьIнех а лаьцна дийцира ша Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Нохчийн меттан денца доьзна халкъе дина декъалдар довзийтинчул тIаьхьа. Даздаре баьхкинчара даггара къобалдеш, дехха тIараш детташ, тIеийцира Р.Кадыровн декъалдар.

Цул тIаьхьа М.Хучиевс пачхьалкхан совгIаташ дира нохчийн мотт кхиорна шайн къинхьегаман хазна юкъаюьллуш болчу Iилманчашна, хьехархошна, журналисташна.

Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу «Путь» телерадиокомпанин корректорна Арсанукаев Мусана совгIат дира «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца, «Грозный» телерадиокомпанин журналистана Бехоева Луизина «Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист» цIе елира, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамотица совгIат дира «Даймохк» газетан политикин а, экономикин а отделан редакторна Хасаханов Исламана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташца совгIат диначарна юкъахь бара филологин Iилмнийн докторш Овхадов Муса, Халидов Айса, кхиберш.

СовгIаташ далар чекхдаьлча нохчийн матто вайн халкъан дахарехь лелочу маьIнех а, иза кхиорехь дечу гIуллакхех а лаьцна къамелаш дира С.Дадаевс а, Хь.Умхаевс а.

Цул тIаьхьа, даздаршка баьхкинчарна нохчийн пачхьалкхан къоман театран актераша а, филармонин артисташа а дакъа а лоцуш, «Даймехкан сурт» спектакль гайтира.

Д.ПАШАЕВ
№32, оханан (апрель) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: