Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь.
Ненан меттан дозаллах а, нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а Iедало бечу балхах а лаьцна дуьйцуш, иштта, гулбелларш Нохчийн меттан денца декъал а беш, къамел дира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.
– Дуьнен чохь дуккха а къаьмнаш а, меттанаш а ду. Царах дукхах долу меттанаш хIора дийнахь дуьнен чуьра дIадовлуш ду. Ойла йича, доккха хIума ду дуьнен чохь кхин буьйцур боцуш, шен мотт хIаллакьхилла дIаболуш бу, бохург. Цундела, шен къоман ненан мотт дIа ца балийта къахьега деза. Вайна хууш ду, вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиорехь, баржорехь къахьоьгуш хилар. Цунна тоьшалла ду цо Нохчийн меттан де юкъадаккхар а. Иштта, мотт кхиорехь, ларбарехь цхьа дакъа вайна а кхочу. Телевиденехь, радиохь, зорбанан гIирсашкахь къахьоьгуш нохчийн мотт цIена хууш, безаш журналисташ бу вайн. Шуна массарна а Дела реза хуьлда, – элира Дудаев Ахьмада.
Цул тӀаьхьа совгӀаташ дира цхьамогӀа конкурсашкахь толамаш баьхначарна а, совгӀатан меттигаш яьхначарна а.

«Телевидени» а, «Радио» а, «Зорба а, Интернет-агентствош а» декъехула дӀаяьхьна яра конкурсаш.
Толамхошна а, совгӀатан меттигаш яьхначарна а мехала согӀаташ а дипломаш а делира.
Ша аьлча, «Даймохк» газето дӀаяьхьначу «Нохчийн мотт – къоман хазна» конкурсехь хьалхара меттиг яьккхинера Хьалха-Мартан кӀоштарчу Таьнги-Чуьрчу школин 5-чу классан дешархочо Сангариева Ясминас, шолгӀа меттиг – Дадагова Данин цIарахчу гимназин 5-чу классан дешархочо Буруева Аминас, Хьалха-Мартан кӀоштарчу Йоккха АтагӀарчу школин 5-чу классан дешархочо Кадаева Раянас, ткъа кхоалгӀа меттиг – Грозненски кӀоштарчу Баса-ГӀаларчу школин 5-чу классан дешархочо Азиева Альбикас а, Курчалойн кӀоштарчу Иласхан-Юьртарчу школин 4-чу классан дешархочо Митаева Хьавас а, Гуьмсан кӀоштарчу Керла-Шоьнарчу школин 6-чу классан дешархочо Хангериева Раянас а.
ВЕГИЕВА Макка
№32, оханан (апрель) беттан 28-гIа де