Нохчийн меттан а, литературин а проблемаш йийцаре ярна лерина конференци

Оханан (апрель) беттан 22-чу дийнахь Нохчийн Республикин Iилманийн академехь дIаяьхьира «Нохчийн меттан а, литературин а мехала проблемаш: истори а, таханлера де а» Ерригроссин Iилманан-практикин конференци.

Иза дIайолош, хьешашка а, дакъалацархошка а маршаллин дош элира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахӀруддис.

Цо билгалдаьккхира конференци вовшахтухуш Нохчийн Республикин Iилманийн академис дакъалаьцна ца Iаш, Нохчийн Республикин вузаша а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан институто а, Хь.Ибрагимовн цIарахчу Россин Iилманийн академин Iилманан-талламан Комплексни институто а дакъалаьцна хилар.

Иштта, конференцин дакъалацархошка вистхилира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байсултанов Идрис, республикин Парламентан Дешаран а, Iилманан а, культурин а комитетан председатель Хасбулатов Бекхан, Хь.Ибрагимовн цIарахчу Россин Iилманийн академин Комплексни Iилманан-талламан институтан директор Батаев Дени, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Байханов ИсмаьӀал.

Цара массара а билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оханан беттан 25-гӀа де Нохчийн меттан де ду аьлла билгалдаккхийтар нохчийн мотт кхиорна а, нохчийн халкъана а доккха совгӀат хилар.

Конференцехь докладаш йира Нохчийн Республикехь а, махкал арахьа а дика бевзачу нохчийн меттан Iилманчаша.

Цул тIаьхьа конференцин болх шина секцехь дIабаьхьира.

Конференце шайн докладаш яхкийтинера кхечу республикашкарчу меттан Iилманчаша а.

Конференцехь дакъалоцуш меттан Iилманчаш хилла ца Iаш, республикера нохчийн меттан хьехархой а, вузийн студенташ а, хьехархой а бара. Иза ерзош, резолюци тIеийцира.

З.ЯХЪЯЕВА
№32, оханан (апрель) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: