Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан гIоьнца Нохчийн меттан денна лерина Соьлжа-ГIалин библиотекин №23 йолчу филиалехь дIаяьхьира конференци.

Цигахь дакъалецира НР-н культурин министра Х-Б.Дааевс, НР-н Куьйгалхо волчохь йолчу культурин кхеташонан председатела Ӏ.Усмановс, НР-н Куьйгалхо волчохь йолчу юкъараллин кхеташонан декъашхочо М.Дудаевс, Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан директора М.Амаевас, СССР-н яздархойн союзан декъашхо С-Хь.Нунуевс, Культурин министерствон Дешаран отделан куьйгалхочо, яздархочо, журналиста Ш.Цуруевс, «Даймохк» газетан Культурин отделан редактора, журналиста З.Эльдерхановас.
Вайна хууш ма-хиллара библиотекаша жигара дакъалоцу нохчийн мотт а, Iадаташ а, культура а кегийрхошна марзъярехь, Iалашъярехь. Иштта, шаьш бечу балхах а, нохчийн мотт Iалашбарехь шайна хьалха лаьтта проблемаш а йовзийтира библиотекарша.
– Нохчийн меттан дийно йоккха меттиг дIалаьцна вайн республикин дезачу денойн могIарехь. Тахана вайн республикин ерриге а культурин кхерчашкахь, берийн бошмашкахь, школашкахь тидаме эцна бу кегийрхойн ненан матте безам кхуллу белхаш. Соьлжа-ГIалин Библиотекийн централизованни системин коьртачу Iалашонех цхьаъ ю, библиотекашка богIучу ешархошца нохчийн мотт Iалашбаран, кхиоран болх дIабахьар. Дала белла вайна вайн мотт. Мотт хаар – вовшашка урамновкъахь хьал-де хаттар хилла ца Iа. Мотт xaap – халкъана хьалха дIа а хIоьттина, сохьтехь, шина сохьтехь, оьшучохь кица а далош, дустар а далош, нохчийн меттан бакъонаш а ларъеш, къамел дан хаар ду. Иштта динчу къамело стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а дерзадо, – билгалдаьккхира шен къамелехь Соьлжа-ГIалин библиотекийн централизованни системин директора Мумаева Анжелас.
– Къомах къам дийриг, уггаре а хьалха, цуьнан мотт бу. Матто шена чулоцу цу къоман гIиллакхаш, Iадаташ, синъоьздангаллин мехаллаш, иштта, Iер-дахаран ламастийн башхаллаш. Кхечу къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, вовшашка болу ларам, лелош долу гергарлонаш, иштта, оцу хазачу ламастех боьзна бу халкъан кхетам а… Шен махке болу безам хила йиш яц матте безам а боцуш, – элира Соьлжа-ГIалин библиотекин №11 йолчу филиалан заведующис Юсупхаджиева Азас.
Докладаш яран дакъа чекхдаьлча, дош делира конференцин дакъалацархошка. ХIорамма а шена хетарг а, мотт бийцарна тIехь кегийрхоша еш йолу ледарло а хьахийра. Иштта, дийцира нохчийн мотт ширачех цхьаъ хилар а, Iилманчаша хIинца а иза толлуш хилар а.
Конференци ерзош, шайн белхан декхаршца дика ларийна культурин белхахой билгалбехира министра:
«Къинхьегамехь билгалваларна» Сийлаллин билгало елира Соьлжа-ГIалин библиотекийн централизованни системин директорна Мумаева Анжелина;
«Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо» сийлаллин цIе елира Шидаева Масарна;
«Культура кхиорна» билгало елира Соьлжа-ГIалин библиотекин №11 йолчу филиалан заведующина Юсупхаджиева Азина.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташ делира Солжа-ГIаларчу Ш.Эдисултановн цIарахчу культурин цIийнан белхахошна Оздоев Асланна, Бибибев Согранна, иштта, Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан Юкъараллин гIуллакхийн отделан куьйгалхочунна Магамадова Маликина, «Оргтехника» культурин цIийнан исбаьхьаллин куьйгалхочунна Гирзишева Залинина.
ДУТУЕВА Макка
№32, оханан (апрель) беттан 28-гIа де