«Вайн хишна а, Iаьмнашна а – цIена бердайистош» аьлла болчу кхайкхамца белхи дIабаьхьира Шелан муниципальни районехь Джалха, Басс хин бердайистошца. Администрацин белхахоша хин бердайистош цIанйира нехех а, якъаеллачу бецех а, кондарех а. Хьаькхна, дIаяьккхира лекха буц, нисйира бердайистош. Белхех дакъалецира 25 стага.
Билгалдаккха деза Джалха хи ерриге а республикехь дика евзаш йолчу архитектурин-этнографически Шира-КIотар музейна юххехула охьадоьдуш хилар. Кхузарчу меттиган Iаламан исбаьхьа сурт цIена, куьцехь хила дезаш ду. Цундела муниципалитетан администрацис хаддаза тидам латтабо цигахь цIена а, куьцехь а хилийтарна тIехь. Оцу кепара белхеш кхузахь хIора кIиранах бохург санна бо.
С.ЛАЛАЕВ
№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо