Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо дӀахьош йолу «Бекалахь, ненан мотт!» республикин хӀорашеран конкурс-фестиваль хӀокху шарахь Нохчийн Республикин Нохчийн хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) дуьнен чу ваьлла 70 шо кхачарна а, Нохчийн меттан денна а лерина яра.
Конкурсан тӀаьххьара тур оханан (апрель) беттан 22-чу дийнахь Устрада-ГӀалин культурин цӀийнехь дӀаяьхьира.

Цигахь цхьаьнакхеттера конкурс-фестивалехь шайн хьуьнарш къовсуш хилла болу вайн республикин ерриге а кӀошташкара дакъалацархой.
Мероприятин лараме хьеший бара Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департаментан а, Устрада-ГӀалин культурин урхаллин а векалш.
Даима а санна, конкурс-фестивалан зераш хӀокху номинацешкахула дара: «Вокал», «Исбаьхьаллин дош», «Юмор, сатира», «Толаме кхача лаарна», цул сов, леррина совгӀаташ а дара («Жюрин совгӀат» а, «Хьовсархойн озабезаман совгӀат») а.
Конкурс-фестивалан жюри юкъахь яра «Аргун» газетан коьртачу редакторан заместитель А.Барзанукаева, Нохчийн Республикин хьакъаволу артист М.Домбаев, юкъараллин гӀуллакххо М.Дадакаева, Халкъан кхоллараллин туьшан директор Р.Даудов, цуьнан заместитель З.Шатаева, оццу туьшан исбаьхьаллин кхоллараллин отделан заведующи Демильханова Билкъис.
Жюрин сацамца толаман меттигаш ехира:
«Вокал» номинацехь:
1-ра меттиг – Невран кӀоштарчу мехкарийн «Малх-Аьзни» вокальни тобано а, Х.Чалаевс а (Нажи-Юьртан кӀошт) йийкъира;
2-гIа меттиг – Божарийн вокальни «Маршо» тобано а, (Шелан кӀошт), М-А.Баматгириевас а (Шуьйтан кӀошт) йийкъира;
3-гIа меттиг – Божарийн вокальни «Фортанга» тобано а, ТӀехьа-Мартан кӀошт), Мехкарийн вокальни «Мехкан хазна» тобано а (Шелковски кӀошт), Х.Абуевас а (Грозненски кӀошт) йийкъира.
«Исбаьхьаллин дош» номинацехь:
1-ра меттиг яьккхира М-Э.Абдулвагаповс (Курчалойн кӀошт),
2-гIа меттиг – А.Арсахановс (ТӀехьа-Мартан кӀошт),
3-гIа меттиг – А.Шадаевас (Устрада-ГӀалин культурин цӀа),
«Юмор, сатира» номинацехь:
1-ра меттиг – Устрада-ГӀалин культурин цӀийнан театр;
2-гӀа меттиг – Шуьйтан кӀоштан культурин цӀийнан театр.
«Толаме кхача лаарна» леррина совгӀат делира: Ю.Мальцаговна (Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департамент), А.Хайдаровна (Курчалойн кӀошт), Божарийн вокальни «Башлам» тобанна (Итон-Кхаьллан кӀошт), М.Цициговна (Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департамент).
«Жюрин совгӀат» делира: Я.Зайналабдиевна (Курчалойн кӀошт), К.Абубакаровна (Хьалха-Мартан кӀошт), А.Матаевна (Гуьмсан кӀошт), З.Вашаевана (Веданан кӀошт).
«Хьовсархойн озабезаман совгӀат»: М.Мухтаровна (Теркан кӀошт), С.Ковраевана (Шаройн кӀошт), Грозненский кIоштана (Инстаграм агӀонехь дукха публикацеш ярна).
Конкурс-фестивалан гурашкахь Нохчийн меттан денна лерина изобразительни а, прикладни а искусствон шуьйра гайтам дӀабаьхьира Устрада-ГӀалин культурин цӀийнехь.
Толамхошна мехала совгӀаташ деш, Дипломаш а, Сийлаллин грамоташ а луш ерзийра конкурс.
З.ХИЗИРОВА
№32, оханан (апрель) беттан 28-гIа де