Беркате цхьаьнакхетар

Соьлжа-ГIалин Висаитовн кIоштахь йолчу Бакъонан а, совдегарийн а колледжехь Нохчийн меттан денна лерина Нохчийн Яздархойн союзан декъашхойн цхьаьнакхетар хилира.

Шаьш долчу хьеший кхайкхинера колледжан куьйгалло а, хьехархоша а. Кхуза баьхкинера яздархой: Ирисханов Iимран, Такалашов Султан, Арсанукаев Муса.

Цхьаьнакхетар дIадолош директоран заместитела Хачукаев Iелас яздархой дешархошна а, хьехархошна а бовзийтина, гулдаларан бахьанах лаьцна дийцира.

Хьалхара дош Нохчийн Республикин яздархойн союзан коьртачу редакторна Ирисханов Iимранна делира.

Цо дешархошна нохчийн меттан историх а, мотт кхиорах а, таханлерчу дийнахь Iилманчаша бечу балхах а, ткъа иштта, Яздархойн союзан балхах а лаьцна дийцира.

Ша еана нохчийн гIарабевллачу яздархойн книгаш а гойтуш, церан авторех а, уьш стенах лаьцна ю а дийцира цо.

Дешархошна нохчийн меттан сий дан дезарх, иза, ненан мотт хиларе терра, беза а, лара а безарх а лаьцна аларца шен къамел дерзийра Iимрана.

Нохчийн меттан де даздарх лаьцна дийцира яздархочо Арсанукаев Мусас. И даздар мичара дуьйна схьадогIуш ду, муха даздеш ду дийцира Мусас.

Тахана нохчийн мотт цкъа а ца хиллачу кепара кхуьуш схьабогIуш бу, иза Iамош а, толлуш а бу. Нохчийн меттан институтехь нохчийн мотт кIорггера толлуш а, цуьнца боьзна Iилманан-талламан белхаш беш а, керла Iаматаш, дошамаш, кхийолу литература зорбане йоккхуш а белхаш бу беш.

Нохчийн мотт ширачу меттанех цхьаъ хиларх лаьцна дийцира поэта Такалашев Султана. Вайн меттан исбаьхьаллех а, цуьнан таронех а масалш а далош, дуккха а керланиг довзийтира цо дешархошна.

«Вайн мотт лоруш а, иза безаш а вай хилахь, иза цкъа а бовр бац», – элира поэта.

С.Такалашовс шен масех байт йийшира. Дешархоша хаттарш делира яздархошка церан кхоллараллех а, нохчийн маттах а лаьцна. Царна дуьззина а, чулацаме а жоьпаш делира хьешаша.

Хачукаев Iелас массеран а цIарах баркалла элира яздархошна шаьш долчу дахкарна а, шайна керланаш довзийтарна а, нохчийн матте шовкъ кхолларна а.

КИЛАБОВ Муса
№32, оханан (апрель) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: