Цхьа а ца туьйлира

Россин Премьер-лигин 2020–2021-чу шеран чемпионатан 27-чу турехь, оха хьалха хаам бина ма-хиллара, Нохчийчуьра «Ахмат» командин футболисташ Екатеринбургерчу «Урал» командин футболисташца левзира.

И цхьаьнакхетар хилале кхо де хьалха вайн футболисташ Россин Кубок яккхаран къийсадаларийн ахфиналехь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат Арена» стадионан майданахь Самарерчу «Крылья Советовца» ловзарна.

Финале боьду некъ царна хьешаша бихкира оцу цхьаьнакхетарехь. Цара толам баьккхира пенальти говза тохар бахьана долуш.

Оцу цхьаьнакхетаран тIаьхье хааялаза ца йисира «Уралца» ловзучу хенахь. Масех керла футболист юкъаваьккхира оцу матчехь «Ахматан» коьртачу тренера А.Талалаевс. Иза доьзна дара вайн цхьамогIа футболисташ лазийна а, можа кехаташ гайтина а хиларца.

Хьал иштта хиллехь а, цхьаьнакхетар жигара дIадолийра «соьлжагIалахоша». Цо дика жамI а делира. Цхьаьнакхетаран 11-чу минотехь гол тохарца билгалвелира I.Садулаев. Кхин а цкъа-шозза кхиаме кхача герга а хилира вайнаш. Делахь а, тIаьххьарчу тохарца дерг кхачаме ца хуьлура.

Хьалхарчу тайман чаккхенехь вайн футболисташ кIадбала боьлча санна хеталора, хIунда аьлча, уьш ца ларабора цхьайолчу меттигашкахь хIусамдайн тIелетаршца. ШолгIачу таймо гайтира «Ахматан» футболисташа баккъал а шайн жигаралла дикка лахйина хилар. Цунна бIаьрла тоьшалла дара 58-чу минотехь «Ахматан» кевна чу «Уралан» футболиста Р.Авгунистяна гол тохар – 1:1.

Цул тIаьхьа а кхин хIара хийца ца делира майданара сурт. Дукхах долу ловзар вайн командин кевна гергахь дIадахара. Делахь а, цхьадика, кхиаме кхочийла-м ца хилира хIусамдайн. Цхьа а ца тоьлаш чекхъелира матч.

Хь.САЙДАЕВ
№32, оханан (апрель) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: