Хьекъале аларш

Шайна вон динчунна бекхам бе бохуш, доьзал ма кхиабелаш, баккхий хилча, цара бекхам уггар хьалха шуна бийр бу шуна.
***
Беро дийр ду-дац хьажий бен, цунна тIе хIума ма диллалаш, кIеззигчу хIуманна тIехь эвхьаздевр ду шу.
***
Аш дийр ду бохуш, дукха дийцийна хIума, наха дина карор ду шуна.
***
Мотт беттачунна мотт тохарх, Дала ялсамане ца вохуьйтий хаалаш.
***
Нах, герзаш эцна, шайн керта цалелхарх, шаьш цадогIург лелор царна ца хаьа ма мотталаш.
***
Сатохар эхь доций, катохар сий доций хаалаш.
***
Буй тохарний, сатохарний юккъахь йоккха башхала юй хаалаш.

ХАТУЕВ Ӏабдул-Хьамид, Нохчийн Республикин халкъан яздархо
№32, оханан (апрель) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: