БIаьстенан а, Къинхьегаман а денца доьзна Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой! Ас даггара декъалдо шу вайн мехкан уггаре а сирлачу, довхачу, самукъанечу дезачу денца – БIаьстенан а, Къинхьегаман а денца!

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан

ХIутосург беттан Хьалхарчу дийнахь вай декъалдо шайн хIора дийнан дахарехь къинхьегам чIогIа безар, корматалла, балха тIехь хьуьнар гойтуш долу адамаш. Вайн республика а, мохк а сийлахь а, цIе йоккхуьйтуш а деш мел дерг – беркатечу лаьтта тIера космосан технологийн биста кхаччалц – стеган къинхьегаман, цуьнан хьуьнаран, шовкъан стом а, тIаьхье а ю.

Вай дерриге а цхьаьнатухуш ерг юкъара цхьа Iалашо ю. Вешан цIенош, ярташ, гIаланаш, юкъара Даймохк кхин а хаза, аьхна, бегIийла хилийта лааран Iалашо ю иза.

Суна чIогIа хазахеташ ду нохчийн халкъо шен хьуьнаречу къинхьегамца вайн регионе а, берриге а Даймахке а зазадаккхийтарна, иза кхиорна, цуьнан беркаташ алсамдовлийтарна гIо деш хилар!

Къинхьегам безаш волчу стаге нохчийн махкахь уьншерашкахь дуьйна къаьсттина сий-ларам хилла. Тхо, Iедалан векалш хиларе терра, къинхьегамхошна хьокъала доллучу белхан хьелашца кхачоян, церан бакъонаш ларъян а, социальни чIагIонаш кхочушъян а, говзанчаш кечбарна хьелаш кхолла а, бахархошна болх бан меттигаш хилийта а хьовсу.

Суна даггара лаьа шун кортошна тIехула даима а маьрша стигал хуьлийла, шун кхиамаш а, аьтто а, шаьш лелочух беркат а хуьлийла.

Кхин цкъа а декъалдо шу дезачу денца!

№33, хӀутосург (май) беттан 1-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: