Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо COVID–19-на дуьхьал йолу 20 эзар вакцина яхьийтина Палестине.
Коронавирусана дуьхьал йолу «Спутник V» вакцина палестинхойн хьашташна эцна оцу фондо.
«Нохчийн Республико доккха гIо дина, хIинца а до Палестинин халкъана. Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан цIарах йолчу Регионан юкъараллин фондо кхул хьалха а масех къинхетаме гIуллакх кхочушдинчул тIаьхьа яийтина и молханаш», – элира Палестинин Автономин Россин Федерацехь волчу векала Авад Заула.
Iаьрбийн а, бусалба а пачхьалкхашкахь волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун векала Даудов Туркос, цо аьллачунна тIетухуш, билгалдаьккхира Палестинин Автономехь коронавирусан ун даржарца долу чолхе хьал хууш волчу Кадыров Рамзана Палестинерчу вежаршна гIо дан сацам бина хилар.
И къинхетаме гIуллакх дар бахьана долуш, оцу махкарчу 10 эзар стагана коронавирус ца хилийта маха тохийта аьтто хир бу.
Вакцинин хьалхара а, шолгIа а маха тухур бу царна.
№33, хӀутосург (май) беттан 1-ра де