Гуьмсан кIоштарчу БоргIана юьртан Культурин цIийнехь «Нохчийн Республикехь къаьмнийн кхиар а, къаьмнаша цхьаьна гIуллакхдар а» къоман подпрограмма кхочушъяран гурашкахь дIадаьхьира гIумкийн культурин де даздар.

И мехала гIуллакх вовшахтуьйхира Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.
Иза вовшахтохаран коьрта Iалашо яра къаьмнашна юкъара юкъаметтигаш кхин а аьхна, кIедамерза яр, гIумкийн халкъан культура, ламасташ кхиор.
Оцу даздаршкахь дакъалецира вай хIинцца хьахийначу министерствон куьйгалхочо Дудаев Ахьмада, Гуьмсан кIоштан куьйгалхочун заместитела Таймаев Турпала, БоргIана юьртан администрацин куьйгалхочо Адильханов Рамзана, ткъа иштта, юкъараллин организацийн а, динан а векалша, регионан шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахоша.
Кхузахь вовшахкхеттачарна хьалха къамел дира А.Дудаевс.
Цо элира: «Ас даггара декъалдо шу гIумкийн культурин денца. Суна баркалла ала лаьа аш шайн гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ леррина Iалашдарна. Нохчийн Республика вайн юкъара дуккха а къаьмнийн цIа ду. Вай дерриге а дан деза вайн цIа чохь барт, машар, беркат, ирсе дахар хилийтархьама. Оха шуна оьшуш мел долчунна тIехь гIо а, накъосталла а дийр ду».
Иллеш, эшарш лоькхуш, хелхарш деш, гIумкийн дахаран сурт гойтуш болу гайтам беш дIадаьхьира деза де.
Иза дерзош мовлад а дийшира, марха а даьстира кхузахь хиллачу Iеламнаха а, кхечара а.
Хь.САИДОВ
№33, хӀутосург (май) беттан 1-ра де