2030-чу шарахь ерриге а Нохчийчохь газаца кхачояран болх чекхбаккха дагахь ю «Газпром». И хан мелла а гено елахь а, 2021–2025-чуй шерашкахь республикехь газаца кхачояран декъехь тӀеэцна лерина программа ю лакхахь хьахийначу компанин.

Оцу программица догӀуш ду газан 29 объект яр: ярташкахь а, кӀотаршкахь а 1 305 км биргӀа йигар, 44 947 цӀенна а, петаршна а газаца кхачояр, 2 предприяти тӀетасар.
Оцу могӀарехь ГаланчӀожан кӀошт а хир ю. Карарчу шарахь хӀотто лерина кӀоштана газаца кхачояран проект – 123 км биргӀа дӀасайига лерина цигахь 2025-гӀа шо кхачале.
Карарчу хенахь проектан тӀегӀанехь масех объект ю: Курчалойн кӀоштарчу ярташкахь газан биргӀанаш кхитӀе а дӀасайигар; «Борзе – Хьачара» газан биргӀа йигар; Цоци-Эвлара Ахьмад-Юьрта кхаччалц газан биргӀа йигар; Девкар-Эвла а, БердкӀела а газан биргӀанаш йигар.
Цул сов, 21 юьртахь а, кӀотарахь а дӀахьош бу меттигерчу бахархошна газаца кхитӀе а кхачояран белхаш: Грозненски (Девкар-Эвла, Беркат-Юрт, Октябрьски, Керла-ЦIоьнтара, Ӏалхан-ГӀала, Мамакхин-КIотар, Чурт-ТогIи) а, Гуьмсан (Энгал-Юрт, Керла-Бена) а, Шелан (Эвтара, Жима-АтагӀа, БелгIатой-Эвла, Дуби-Эвла, Чуьйри-Эвла) а, Хьалха-Мартан (Йоккха-АтагӀа) а, ТӀехьа-Мартан (ГӀулара) а кӀошташкахь, иштта, Соьлжа-ГӀалахь (Шайх Изновран цӀарахчу а, Элихановн а кӀотаршкахь) а, Устрада-ГӀалин округехь (Чечана, БердкӀел) а.
И.ИСЛАМОВ
№33, хӀутосург (май) беттан 1-ра де