Оханан (апрель) беттан 20-чу дийнахь Доноран де билгалдаккхар ламаст хилла дӀахӀоьттина Россин Федерацехь. Оцу денна лерина ЦӀийдоттаран службин Ерригроссин XIII-гIа форум дӀаяьхьира Башкирин Республикин коьртачу шахьарахь.

Форумехь хаза кхаъ хилира Россин медико-биологин федеральни агентствон куьйгалхочо Скворцова Вероникас Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон ЦӀийдоттаран республикин станцин коьртачу лоьрана Татаева Зураана «Донорийн болам кхиорехь къахьегарна» аьлла, мидал а луш, цо лаккхарчу тӀегӀане баьккхина дӀахьочу белхан хьакъ боллу мах хадорах.
Форумехь къаьсттина тидам тӀебохуьйтуш дийцира Зураа куьйгалла дечу станцин балхах а, цуьнан белхахойн хьуьнарех а лаьцна. Цунна тоьшалла ду вайн республикин могашаллаӀалашъяран министерствон ЦӀийдоттаран республикин станцин клинико-диагностикин лабораторин заведующис Атаева Асета а, фельдшер-лаборанта Лалаева Хьавас а «ЦӀийдоттаран службин учрежденин тоьлла белхахо – 2020» Ерригроссин конкурсехь совгӀатийн меттигаш яхар.
З.Татаевас куьйгалла дечу станцин белхан лаккхара мах хадор ларамаза дац. 2020-чу шарахь кхочушбинчу белхан жамӀашца, ерриге а Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь а еккъа Нохчийн Республикин цхьа субъект яра пандемин муьрехь а, цӀий гулдаран болх лах ца беш, къахьегнарг.
Вайн республикин ЦIийдоттаран станци оцу кхиаме кхачар Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана COVID–19 уьнца къийсам латторан Каде штаб вовшахтохар а, цуьнан болх лерринчу тергонехь латтор а дара.
Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана Инстаграмерчу шен агIонехь декъалйина ЦIийдоттаран станцин коьрта лор Татаева Зураъ а, цуьнан белхан накъостий Атаева Асет а, Лалаева Хьава а.
З.ХИЗИРОВА
№33, хӀутосург (май) беттан 1-ра де