Нохчийн Республикин прокуратурехь

Дехар бух боцуш дара

Соьлжа-ГIалин яхархочун Твахаева Зухрин 300 эзар сом гергга ахча лачкъорца даьзна РФ-н УК-н 159-чу статьян 3-чу декъаца догIуш долу таIзар дайта Магомадова Мединина дуьхьал уголовни гIуллакх долийнера Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин талламан урхаллехь. Ша уголовни жоьпе бух боцуш озийна хилар къастор дийхира Магомадовас республикин прокуратуре.

Оцу гIуллакхан материалаш толлуш гучуделира бехке еш йолчун хьалха  бехказлонаш бух боцуш хилар, долуш долчу бакъдолчара иза гойтуш а ма-хиллара. Бакъду, цуьнца цхьаьна иштта гучуделира талламан гIуллакхаш шен хеннахь дIадаьхьна цахилар, суьдан производствон хенан хьокъехь болу лехамаш талхийна хилар. Ша аьлча, таллам дIахьочу хенахь карадаьхкинчу документашка хьакъ ма-дду хьаьжна а, уголовни  гIуллакхана  юкъа  дехкина. Иштта таллаза дисира йозанан хатI.

ГIалин Ленински районан прокуратуро талламан урхаллин хьаькам декхарийлахь вина  федеральни законаш талхоран хьокъехь долу бакъдерш дIадаха. И гIуллакх регионан прокуратуро шен тидамехь латтор ду.

 

Хан тIехтилийтина

Къинхьегаман бартан хан чекхъяьлча Iалхан-Юьртан администрацис шен белхахо Бексултанова Макка балхара дIаяьккхира. Амма цхьа шо даьллачул тIаьхьий бен цо суьде ца дийхира шен бакъонаш меттахIиттор. И гIуллакх къастош хиллачу Хьалха-Мартан гIалин суьдо къовсамечу гIуллакхашка хьажарна законо хIоттийна хан тIехтилар хьесапе а эцна, цуьнан дехарна жоп ца делира. Иштта сацам беш суьдо тидаме ийцира къинхьегаман къовсам къастош, РФ-н ТК-н 392-чу статьяца нийса а догIуш, балхара дIаваьккхинчунна омрин копи, я къинхьегаман книжка кара еллачул тIаьхьа цхьа бутт хан юкъа ца юлуьйтуш суьде дала дезаш хилар. Ткъа кхузахь дийнна шо даьллера.

Хьалхарчу тIегIанан суьдо бина сацам нийса ца лоруш Бексултановас республикин Лакхарчу суьде апелляцин арз дира. Иза къастийра лакхарчу тIегIанан граждански гIуллакхашкахула йолчу суьдан коллегехь. ГIуллакхан материалаш теллинчул тIаьхьа, прокурорана Чермоева Мадинина хетачунна тIе а доьгIна, Хьалха-Мартан гIалин суьдо йина хилла кхиэл ца хуьйцуш йитира.

 

ГIуллакхе юхахьовсур бу

2012-чу шеран мартехь машенна урхалла деш хиллачу Дудаев Аслана некъан боламан бакъонаш талхор бахьанехь хиллачу бохамехь 4 стаг кхелхира, ткъа цхьаъ чIогIа лазийра. И гIуллакх къаста а дина, Соьлжа-ГIалин Заводской районан суьдо цунна РФ-н УК-н 264-чу статьян 5-чу декъаца нийса а догIуш (машенна урхалла деш хиллачо некъан боламан бакъонаш талхор бахьанехь шиъ а, цул сов а адамаш  кхалхар), арахь яккха 2 шо    хан туьйхира, 6 баттахь машен лелор а доьхкуш.

Апелляцин тIегIанан суьдо къастийра ишттачу кхиэлана Заводской районан прокурора Кулинич Ивана елла апелляци. Кхиэл дIакхайкхочу хенахь процессуальни талхораш хилийтарца и кхиэл бух боцуш а лерина, гIуллакх юха къастадайта суьдо юхадерзийна.

 

Чеченстатехь –  талхораш

Пачхьалкхан статистикин регионан органехь таллам дIахьочу хенахь дийнна цхьамогIа талхораш гучудаьхна Нохчийчоьнан прокуратуро. Уьш хьакхалуш дара пачхьалкхан граждански службин, хIораннах а шех болчу хаамех, балха дIанисварх, гражданийн дехарш къасторан кепех, пачхьалкхан органийн белхан хьокъехь болчу хамашна тIекхача таро хиларх, заьIапхой социальни ларбарх, пачхьалкхан хьашташна лерина закупкаш ярна кхачоярх.

Оцу бакъдолчарна тIе а доьгIна, республикин прокуроран заместитела Степанов Вадима хьалхахIотторца административни талхораш даран хьокъехь РФ-н КоАП-н еа статьяца догIуш долу таIзар дайта 4 гIуллакх долийра. Ткъа уьш къасторан тIаьхьенаш иштта хилла: ахчанан гIуданаш а тоьхна, бехке волу жоьпаллин 6 белхахо низаман жоьпе озийна.

Регионан прокуратуро Чеченстатан куьйгалхо декхарийлахь вина закон талхораш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а дIадаха.

 

Акташ законаца догIуш нисдина

Коррупцина дуьхьало яран а, пачхьалкхан граждански службин а хьокъехь долу законаш кхочушдар муха ду хьожуш таллам дIахьочу хенахь Нохчийн Республикин маслаIатан суьдахойн балхана кхачояран службехь законца догIуш доцчу бакъонан актех пайдаоьцуш хилар гучуделира республикин прокуратурина. Ша аьлча, арахецна пачхьалкхан граждански гIуллакххошка беш болу лехамаш кхочушбарна тIехь таллам латторехула йолчу комиссин болх дIабахьаран, хьаштийн къовсамаш нисбаран, белхахойн аттестаци дIаяхьаран, пачхьалкхан граждански службехь белхан даржаш дIалацаран хьокъехь конкурс дIаяхьаран, ткъа иштта аттестацин комиссин хьокъехь положени чIагIъеш долу бакъонан акташ. Уьш арахецначул тIаьхьа цхьамогIа хийцамаш хилла федеральни законаш тIехь. Амма службехь и нисдарш ца дина.

Цуьнца доьзна прокуроран заместитела Степанов Вадима тIедилларца 4 протест елла. Уьш къаста а йина, билгалдаьхна хилла нормативни акташ законан лехамашца нисдина.

 

Лехамна жоп ца делла

Соьлжа-ГIалин Ленински районан суьдо йинчу кхиэлана ша реза цахиларна  регионан Лакхарчу суьде апелляци елира Гастемирова Амната. Лакхарчу тIегIанан граждански гIуллакхашкахула йолчу суьдан коллегис къастийна и гIуллакх, дакъалоцуш прокурор Чермоева Мадина а йолуш.

Шена моральни зен хиларна Россин финансийн министерстве компенсаци далийтар доьхуш Гастемировас беш болу лехам жоп ца луш битина суьдо, РФ-н пачхьалкхан органийн векалш цуьнан хIусамда кхалхарна бехке цахилар хьесапе а эцна.

 

Пенси юхадерзийна

Нохчийн Республикин къинхьегаман а, социальни кхиоран а министерствос дехарца регионан прокуратуро теллина пачхьалкхан пенси оьцуш волчу Хасанов Лечин счета тIера ахча бакъо йоцуш доладерзоран бакъдерш.

Бинчу талламо гучудаьккхира 2014-чу шеран 29-чу апрелехь веллачу Хасанов Лечин счета тIе 2014-чу шеран май–ноябрь беттанашкахь 300 эзар соьман барамехь пенси  диллина хилар. Цуьнан коьрта бахьана дара стаг кхалхаран хьокъехь болу хаамаш шен хеннахь пенсийн органашка кхаьчна цахилар. Веллачун кIанта Хасанов Сулеймана схьаэцна хиллера и ахча, иза пачхьалкхан пенси дуйла а ца хууш.

Дерриге а ахча министерствона юхадерзийна.

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ

 № 64, еара, 11 июнь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: