ДагадогӀий шуна, нохчийн халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан хӀара дешнаш: «Даймахкана, вайн халкъана чӀагӀо хилий хӀотталахь. Вайн дахаран беш совйоккхуш, цхьа-ши синтар догӀалахь»?

Синтар доьгӀна а дика лар юьтуш баьхна вайн хьалхарчу могӀарера яздархой. И дешнаш кху деношкахь вайна карладаьхнарг вайн республикин хьакъволу журналист а, «Даймохк» газетехь хьанал а, даггара а болх бина волу Аболханов Хьаьким ву.
ХьастагӀа, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан уьйтIахь дан дезарш деш рогIерчу белхех цхьаьнакхеттера институтан белхахой (кхул хьалха бинчу хаамашкахь ма-дийццара, Нохчийн меттан институтана керла гӀишло тояйтина. Цкъачунна, леррина схьаеллар ца хиллехь а, хӀинцале а, цунна чохь а, уьйтIахь а цхьацца беркате гӀуллакхаш дайтина).
Царах цхьаъ ду, институтан уьйтӀахь нохчийн литературин классикийн-яздархойн а, ткъа иштта, нохчийн мотт кхиош къахьегначу Iилманчийн а безамна «Иэсан беш» йогIар.
Генаяьлла яц вай нохчийн яздархочун книга араяьлча а, я цуьнан сурт хилча а тоам беш Iийна хилла зама. Яздархойн цIарах беш хир ю бохург аьттехьа а дагахь дацара!
Беш, цкъа делахь, хазалла ю, довхачу дийнахь ӀиндагӀан беркат ду, вайн къоман ниӀматаш лоьруш баьхначу яздархойн а, Ӏилманчийн а цӀераш йиц ца еш, вогӀу-воьдучунна синъайъам беш, хаза гӀиллакх а ду.
И беркате гIуллакх дайта аьтто бинарг Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байсултанов Идрис ву, ткъа иза кхочушдинарг — Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат.
Вайн халкъах, ненан маттах, Даймахках дуьззина дош олуш, баьхначу вайн халкъан яздархойн «Иэсан беш» хазлуш, бIаьрг хьостуш беркате йойла Дала!
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№34, хӀутосург (май) беттан 5-гIа де