Республикин гӀаланашкахь а, ярташкахь а къоман «ХӀусамаш а, гӀаланашкара хьал а» проектан «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроектан гурашкахь дӀахьош бу юкъараллин майданаш тояран белхаш.

Церан могӀарехь ю Нажи-Юьртан кӀоштарчу Шовхал-Бердахь еш йолу юкъараллин майда а. Цунна тӀевоьдийлаш а тойина, тховкӀелонаш а хӀиттийна, иштта, 44 синтар а доьгIна.
ГӀашлойн некъаш а, берашна бираьнчигаш а, тховкӀелонаш а йолуш, иштта, дечиган лабанаш а, охьаховша гӀанташ а дина, шайна улле нехаш чукхийса тускарш а хӀиттош.
Проектаца нийса а догӀуш, цигахь берийн ловзарийн а, спортан а майданаш а йийр ю.
Меттигерчу бахархошна боккха кхаъ хилла цунах.
Цара дийцарехь, хӀинца кхин а хазлур ю юьртан юкъ, берашна ловза меттиг а хир ю, ткъа баккхийчарна – охьаховша а, садаӀа а.
Бекарг (март) баттахь дӀаболийна белхаш бу уьш, карарчу беттан чаккхенехь дӀаберзор бу.
Цу тӀе, къоман проектан гурашкахь, карарчу шарахь, кхин а 67 юкъараллин майда а, 41 юкъараллин меттиг а, дукхапетарийн 26 цӀийнан уьйтӀе а тойийр ю.
И белхаш республикерчу ерриге а муниципалитеташкахь дӀахьур бу.
№34, хӀутосург (май) беттан 5-гIа де