ТIаьхьарчу шерашкахь иттаннашкахь керла берийн бошмаш йинехь а, хIинца еш елахь а, уьш тоьаш яц. Бераш алсамдовларца доьзна ду и хьал.

Россин Федерацин цхьа а субъект яц Нохчийчоь санна бахархойн барам сиха алсамболуш. И бахьана долуш, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос еш дуккха а социальни объекташ ю. Церан могӀарехь ю Гуьмсан кӀоштарчу Керла-Шоьнахь карарчу шарахь йийр йолу керла берийн беш.
Ши гӀат а долуш, 140 беран меттиг а йолуш хир ю иза. Бахархоша дийцарехь, берийн беш юьртахь оьшуш йолу дуккха а хан яра, хӀунда аьлча, хӀинццалц, цигахь цхьаъ бен йоцу берийн беш тоьаш яцара, денна а шорлуш, кхуьуш йогIучу юьртана.
Нохчийчоьнан Правительствон школал хьалхарчу дешаран комитетан векалша билгалдаккхарехь объект яран белхаш меттигерчу «Белхан меттигаш нисъярехь гӀо-накъосталла дар» проектан а, иштта, къоман «Демографи» проектан а, гурашкахь дӀахьур бу.
Берийн бешахь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхуллур ду, бераш дийшарна а, кхачабаарна а, кхетошкхиорна а, спорте марздарна а аьттонаш бийр бу.
Гуонахарчу майданахь ловзаран 7 майда йийр ю, оццул тхов-кӀелонаш а хир ю.
УьйтӀе а, кетӀе а, гонахара майда а тойина ца Ӏаш, берашна тӀаьхьабогӀучу дай-наношна а, белхахошна а, хьешашна а машенаш дӀахӀиттайойла а йийр ю.
Цул сов, берийн беш йина яьлча, 60 стагана белхан меттиг а хир ю цигахь.
А.КАНТАЕВ
№34, хӀутосург (май) беттан 5-гIа де