БIаьстенан а, Къинхьегаман а денна лерина йоккха концерт

Бакъонца уггаре а самукъанечарах цхьаъ ду БIаьстенан а, Къинхьегаман а деза де. Оцу дийнахь цхьабосса самукъадаьлла, бекхабелла, белабелла хуьлу къонанаш а, баккхийнаш а.

Хазачу духаршца кечлой гIалин, шахьарийн урамашка, садаIаран паркашка арабовлу уьш. Церан самукъадоккхуш, церан садаIар аьхна хилийта гIерташ хуьлу культурин министерствон векалш.

Иштта, даздарш дIадахьаран гурашкахь Соьлжа-ГIаларчу зезагийн исбаьхьачу паркехь гIалахошна а, гIалин хьешашна а йоккха концертан программа вовшахтуьйхира Нохчийн Республикин туризмехула йолчу министерствос а, Росгвардин соьлжагIалин цхьаьнакхетараллин гарнизонан эпсарийн цIийно а, Соьлжа-ГIалин мэрис а.

Цара цхьаьна вовшахтоьхначу концертехь дакъалоцуш яра Къоман гвардин эскаран Къилбаседа-Кавказан округан иллин а, эшарийн а, хелхарийн а ансамбль, Росгвардин Соьлжа-ГIалин цхьаьнакхетараллин тIеман оркестр а, ткъа иштта, исбаьхьаллин самодеятельностан артисташ а.

Даздаран концертан программин юьххьехь тIеман музыканташа мастер-класс гайтира музыкин композицин декъехь. Цара кхочушйира дика евзаш йолу патриоталлин композицеш, иштта, Даймехкан а, дозанал арахьарчу а эстрадин гIараевлла эшарш лекхира.

Цул тIаьхьа Росгвардин артисташа хьовсархойн кхиэле ехкира массарна а езаелла йолу номерш – «Смуглянка» инструментальни композици, «Салтийн хелхарш» хелхар.

Ансамблан солисташа Ходаков Николайс, Федоренко Вячеслава, Валиева Дианас «Честь России», «Солдатские матери», «Синяя вечность» эшарш лекхира.

Концертан программа ерзош, Росгвардин кхоллараллин коллективаша концерте хьовса баьхкинарш берриге а декъалбира БIаьстенан а, Къинхьегаман а дезачу денца, юха «Служить России» музыкин композици а гайтира.

Д.ПАШАЕВ
№34, хӀутосург (май) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: