Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дӀаяларан къепе билгалйина

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон пресс-службо хаам барехь, 2021-чу шеран Пачхьалкхан цхьааллин экзамен (ЕГЭ) дӀаяларан къепенах дерг цхьалхадаьлла. Россин серлонан министерствон а, Рособрнадзоран а сацамца тӀечӀагӀдина экзаменаш дӀаяларан хьокъехь долу омра.

2021-чу шарахь Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дӀаяларан коьрта мур хӀутосург (май) беттан 31-чу дийнера мангалан (июль) беттан 2-чу дийне кхаччалц дӀахьур бу.

Экзаменаш дӀалур ю карарчу дешаран шеран выпускникаша а, дӀадаханчу шерашкахь дешна бевллачара а.

Хьалхара экзамен хӀутосург (май) беттан 31-чу дийнахь дӀалур ю. Оршот нислуш ду, географин а, литературин а, химин а предметашкахула йолчу экзаменийн де. Ткъа массара а дӀалуш йолу оьрсийн меттан экзамен шина дийнахь дӀаялар нисдина. Иза асаран (июнь) беттан 3-чуй, 4-чуй деношкахь хир ду.

Профильни математикин а оццу асаран беттан 7-чохь а, химин а, физикин а 11-чохь а, обществознанин 15-чохь а, биологин а, кхечу къаьмнийн меттанийн а (ингалсан, немцойн, французийн, испанхойн, чинин меттанашкахула) (барта (устно) дакъа доцург)) 18-чохь хир ю.

Оццу кхечу къаьмнийн меттанийн экзамен «барта дуьйцу дакъа» а асаран беттан 21–22-чуй деношкахь дӀалур ю.

Информатикин а, ИКТ-н а экзамен а асаран беттан 24–25-чуй деношкахь дӀалур ю. Экзаменаш дӀаяла кхитӀе а делларш асаран беттан 28–29-гӀий, мангалан (июль) беттан 2-гӀий денош ду.

Экзаменийн кхитӀе а болу мур хир бу. Коьрта экзаменаш дӀаялар ца нисделлачарна лерина иза, мангалан (июль) беттан 12-чу дийнера 17-чу дийне кхаччалц лаьттар бу.

Вузе деша ца боьлхуш, аттестат дезаш болчара Пачхьалкхан арахецаран экзамен (ГВЭ) шина предметехула (оьрсийн маттехула а, математикехула а) дӀаяла дезар ду. Ткъа вузашка деша боьлхучара шаьш хоржучу говзалле хьаьжжина дӀалур ю экзаменаш. Уьш тӀеэцаран экзаменаш санна дӀалорур ю вузехь.

№34, хӀутосург (май) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: