НР-н Куьйгалхочун Толаман денца доьзна декъалдар

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Россин уггаре а коьртачех цхьаъ долчу пачхьалкхан дезачу денца – Толаман денца!

Оцу дийно гойту вайн Даймехкан сийлалла а, ницкъ а. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман аренашкахь тIемаш бинчу, шайгара турпалалла гайтинчу, дуьненан историна юкъа дашочу элпашца шайн цIераш язйинчу, вайн мохк бIаьхойн а, патриотийн а Даймохк санна бовзийтинчу вайн дайх дозалла дар кхуллу цо вайн дегнашкахь.

Вайн дайша, дедайша, дедедайша доккха маьIна лелийна фашистийн Германи хIаллакьярехь. Вайн дайн цкъа а лийрдоцу хьуьнар, доьналла, майралла бахьанехь, вай маьршачу стигал кIелахь, зазадоккхучу махкахь дехаш а ду, тешам боллуш хиндолчуьнга хьоьжуш а ду.

Тахана вай дозалица дагалоьцу шайн лаамехь фронте дIаихна, маршонан а, паргIатонан а дуьхьа летта вайн махкахой.

Вайн республикерчу бахархоша дакъалаьцна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман даккхийчу дерриге а тIеман тасадаларшкахь – Брестан гIап ларъярна тIера Рейхстагана тIамца чухьадарна тIекхаччалц. Цара йоккха хазна юкъайиллина юкъарчу толамна. Дукхахболчара – шайн дахар дIа а луш!

ТIамехь майралла, стогалла, доьналла гайтарна нохчийн эзарнаш салташна а, эпсаршна а уггаре а лакхара совгIаташ дина. Республико махкана Советийн Союзан исс турпалхо велла.

Немцойн-фашистийн мехкашдIалецархошна тIехь толам баккхарна йоккха хазна юкъайилларна Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» еза цIе елла.

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина рогIера шо кхачарца! Лаьа шу маьрша дехийла, шун аьтто хуьлийла, зовкхе дахар хуьлийла!

№35, хӀутосург (май) беттан 8-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: