Конкурс

Къилбаседа Кавказан федеральни округехь дIахьош ю журналисташна лерина степендиальни конкурс

Конкурсан Iалашо ю:

1.1.Къилбаседа Кавказан федеральни  округерчу (кхидIа – СКФО) журналистийн корматаллин говзаллин тIегIа а, социальни жоьпалла а лакхадаккхар;

1.2.Округан регионашкахь  хуьлуш болу хиламаш а, процессаш а нийсонан а, массо  агIор гайтаран а принципаш тIехь  СКФО-хь хаамаш  цхьабосса баран хьарма  вовшахтохар;

1.3.СКФО-н журналистски юкъараллин  похIмечу векалийн гIолацар.

Конкурс дIаяхьаран къепе:

2.1. Конкурсехь дакъалаца аьтто хир бу  Россин Федерацин СКФО-н субъекташкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь болх беш болчу журналистийн. Иштта, конкурсан комиссин лааме хьаьжжина, конкурсехь  дакъалаца  аьтто хир бу округал арахьа  болх беш болчу, амма Къилбаседа Кавказан тематикина язъеш болчу журналистийн;

2.2. Конкурсехь дакъалацархьама, и лаам болчара, шайн заявкаш дIахьовсайо конкурсан комиссин адресца (politkavkaz @ mail. ru), кхочушйина  конкурсан проект а йовзуьйтуш 15-гIа июнь а,  15-гIа декабрь а кхаччалц;

2.3. Конкурсан проекташ кхочушъяран хормаш:

  • хIокху положенин 2.4. п. чIагIйинчу  тематикехула  (публикацеш, сюжеташ)  тематикин материалийн цикл;
  • кест-кеста (хIора кIиранах, хIора баттахь) арайолуш йолу (2.4. п. нийса а догIуш) тематикин рубрика  я программа;
  • телестудешка: тематикин фильм – юьззинаметражни я йоцаметражни (эфирехь  хилла  хиларна тоьшалла а долуш);

2.4. Конкурсин проектийн тематика (харжа):

  • Къилбаседа Кавказехь къаьмнийн  а, динийн а юкъаметтигаш яхна яран дIадолор а, дика  зеделларг а  гайтар;
  • Къилбаседа Кавказера хьал карзах даккхарна тIехьовсийна  хьогIечу ницкъаша лелочунна дуьхьало яран дIадолор а, дика зеделларг  а гайтар;
  • Къилбаседа Кавказерчу регионашкарчу бахархошкахь патриотизм а, ерригроссера  бахархой  цхьаъ хиларан ойла кхолларна тIехьовсийна  дIадолорош а, дика  зеделларг  а гайтар;
  • «Кавказан керла юьхь» хиларна тоьшалла деш округан регионашкахь хуьлуш болу хийцамаш  а, дика хиламаш а гайтар;
  • Къилбаседа Кавказан регионашкахь антитеррористически  гIуллакхаш кхочушдеш йолу  бакъонаш ларъяран органийн а, службийн  а тоьллачу подразделенийн болх гайтар;

2.4. Степендеш ло журналисташна я кхоллараллин тобанашна (2–3 журналист) 2.4. п. билгалдинчу тематикин некъашкахула проблематика шен-шен хенахь, жоьпаллица, дика гайтарна.

2.5. Степендеш дахарна йолчу конкурсан жамIаш конкурсан комиссис  шарахь шозза  (2015-чу шеран июлехь а, декабрехь а) дIахьур ду, цхьана регионна – цхьа  степенди бохучу  хьесапехь. Цул тIаьхьа догIучу эхашарахь лауреатана хIора баттахь пхи-пхийтта эзар сом лур ду.

2.6. Степендиальни конкурс вовшахтоьхна «Кхузаманан кавказски политикин туш» АНО-с (кхидIа-вовшахтохархо я «Кавказ» ЦСКП).

2.7. Вовшахтохархочунна тIедохкуш ду конкурс  вовшахтохарехула долу  дерриге а декхарш, цу юкъахь  конкурсан комисси кхоллар а, цуьнан балхана  кхачо яр а. Цу юкъабогIу, вовшахтохархочун сацамца, СКФО-н СМИ-н Ассоциацин, СКФО-н тоьллачу вузийн  журналистийн факультетийн профессоршна – хьехархошна  юкъара векалш, «Кавказ» ЦСКП-н белхахой.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: