Хьомсара вежарий, йижарий! Тахана Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а де ду.

Ерриге а ярташкахь, гIаланашкахь адамаша дагалоьцу историн тайп-тайпанчу муьрашкахь кхелхина шайн гергарнаш а, махкахой а.
Iуьйранна уьш кешнашка а, мемориальни комплексашка а, бохаме хиламаш хиларца йоьзначу меттигашка а боьлху къизачу хиламашкахь мел кхелхинарш дагалаца, царна доIа дан, Деле царна гечдар деха.
Вайн халкъан дуккха а бохамаш лан дезна – паччахьан Iедалан ражан къизаллина, Сталинан Iазапна тIера дуьненаюкъарчу террористашна дуьхьал дIабаьхьначу шина тIамна тIекхаччалц.
Инзаре дукха цIий Iенош хиллачу оцу къизачу хиламашкахь зударий, бераш, къаной хIаллакьхуьлура. Ярташ, кIотарш чIана йохура, хIаллакйора, ягайора.
Веза а, Сийлахь а волчу АллахIан къинхетамца нохчийн халкъ къар ца делира. Иза ерриге а халонех, баланех чекхделира. Нохчийн халкъан паргIатонан а, аьттонан а дуьхьа эгна вайн къоман бакъболу кIентий а, йоIарий а дагалоьцу вай тахана.
Халкъан иэсехь гуттаренна а даха дуьсур ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан бIанакъостийн а хьуьнар, доьналла, вайн хIокху махкахь машар а, къепе а хилийтаран дуьхьа шайн дахар дIаделла болчу. Церан турпалалло вайн къам дерриге а хIаллакьхиларх кIелхьарадаьккхина. Уьш бахьанехь вай гуттаренна а дIабаьккхина тIом. Дерриге а бегIийла хьелаш кхоьллина вайн дуккха а къаьмнийн юкъараллехь хьакъ ма-дду даха.
Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а де юкъадаьккхина вайга вешан историн къиза агIонаш цкъа а йиц ца яйта, уьш кхин цахийлийтархьама дерриге а дайта.
Оцу дийнахь вай сагIанаш доху вайн кхелхинчу махкахошна тIера, вовшашна къинтIерадовлу. Вайн сийлахь декхар ду оццул беза мах дIалуш вайга кхаьчначу диканан хама бар, иза лардар, алсамдаккхар.
Нохчийн Республикин халкъийн исторехь хиллачу берриге а къизачу хиламашкахь хIаллакьхиллачарах къинхетам бойла Веза а, Сийлахь а волчо! АллахIа хьикмат а, кхетам а лойла вайна яханчу хенахь дийлийтина гIалаташ юха ца дийлийта!
Хьомсара махкахой! Маьрша дехийла шу. Доьзалшкахь беркат, ирс лаьттийла, ондда могашалла а, кхиамаш а хуьлда шун!
№35, хӀутосург (май) беттан 8-гIа де