Нохчийчуьрчу 10 эзар беро садаIаран лагершкахь садоIур ду

Цунах лаьцна хаам бина Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министра Баширов Iусмана берийн аьхкенан могашалла меттахIотторан садаIар муха хир ду довзийтархьама дIаяьхьначу кхеташонехь.

«Бераша ахкенан каникулашкахь садоIур ду Нохчийн Республикин берийн лагершкахь а, иштта, Краснодаран мехкан Iаьржачу хIордан йистошца а. Билгалдаккха деза, вайн республикехь болх беш кхузаманан лехамашна жоп луш йолу берийн лагерш хилар. Уьш вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца йина ю», – элира Баширов Iусмана.

ХIутосург беттан чаккхенехь хьалхара тоба садаIа гIур ю.

Бераш тIеоьцур ду Эвтаран, Сиржа-Эвлан йистошца йолчу «Горный ключ», «Светлячок» лагерша а, иштта, Бенан, Шелковски станицин йистошца йолчу «Горный Беной», «Радуга» лагерша а.

НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин хаамех пайда а оьцуш, хаам кечбинарг – Л.ДАУТОВ
№35, хӀутосург (май) беттан 8-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: