Россин радион – 125 шо

Технологийн керлачу кхиамаша денна цецдохучу вайна хIинца тамашийна ца хета радио. Тахана, дийнахь а, буьйсанна ладогIа аьтто бу цуьнга, ур-атталла машенахь вогIуш-воьдуш а.

Иштта дукха хан яц радио адамийн дахаре еана. Латинин маттера вайн дахаре деана ду «радио» дош. Цу ширачу маттахь «зIаьнар» бохучу маьIнехь дека иза.

РадиотулгIенийн зIаьнарш ю вайн лере кхочушъерш. 150 шо хьалха дуьненан цхьана а маьIIехь девзаш дацара и дош. Математикин а, физикин а декъехь вевзаш хиллачу Шотландерчу Iилманчас Максвелл Клерк Джеймса кIорггера бинчу талламаша довзуьйту дуьненна 1864-чу шарахь дуьххьара радиотулгIенех дерг.

Максвелл Джеймсан лорах талламаш беш дIаихначарах а, дуьххьара 1885-чу шарахь радиотулгIенийн генератор кхоьллинарг а ву немцойн Iилманча Герц Генрих. И генератор радион бух лара мегар ду. Амма цуьнан аьзнаш ши-кхо аьрша генахь йолчу меттехь хезаш ца хилла.

Максвеллан а, Герцан а кхиамаш кхидIа шорбеш, кIаргбеш къахьегна оьрсийн Iилманчас, физика, электротехника Попов Александр Степановича.

1895-чу шеран оханан (апрель) баттахь Поповс кхоьллина геннара радиосигналаш лаца ницкъ кхочу когерерни приемникан. Ткъа 1895-чу шеран хIутосург (май) беттан 7-чу дийнахь Попов Александра Россин физикийн а, химикийн а цхьанакхетараллехь гулбеллачу Iилманчашна хьалха шен кхиаман тоьшалла дIа а гойтуш, доклад йина бинчу балхах лаьцна.

Россин Iилманчаша хазахетарца тIелаьцна шайн накъоста биначу мехалчу белхан жамI. Цундела, дерриге а дуьненахь а, хIора шеран хIутосург беттан 7-гIа де – РАДИОН де лоруш ду.

Попов Александра хаддаза тIехь болх бар бахьана долуш, де дийне даларца, шорлуш яра церан географии. Цунна къеггина тоьшалла ду «Генерал-адмирал Апраксин» цIе йолу броненосец 1899-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь хиллачу бохамах кIелхьарадаккхар.

Гогланд, Кутсало, Кутка гIайренашна юкъара ара ца далалуш дисина хIордакема (броненосец), радиозIе бахьанехь, «Ермак» цIе йолчу ледоколо орца кхиадой, 1900-чу шеран кхолламан (январь) беттан 25-чу дийнахь, хила тарлучу зенах хьалхадолу. И тайпа масалш дуккха а ду Поповн радиох даьллачу беркатах дийца.

1917-чу шарахь Iедале баьхкинчу коммунисташа шайн карадерзадо радиозIе кхиоран гIуллакх. 1918-чу шарахь кхоллало «Вестник РОСТА» цIе йолу Россин дуьххьарлера радиостанции. Цуьнца цхьаьна шен болх дIаболабо Нижегородски Iилманан-талламан радио кхиоран туьшо Бонч-Бруевич Михаил Дмитриевич коьртехь а волуш. Цу туьшахь йина дуьххьарлера радиотелефон а, радиолампа а. Ткъа 1919-чу шеран чиллин (февраль) беттан 27-чу дийнахь Москварчу могIарерчу бахархойн аьтто хилла радиоэфирехь адамийн къамел хаза.

1922-чу шарахь Москвахь йина Коминтернан цIарах йолу йоккха радиостанци. Хаддаза болх бар радиос цу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 23-чу дийнахь дIадолийна.

Оцу беркатечу боламна юьстаха ца лаьттина Нохчийчоь а — дуьххьара радиокад дIатоьхна Хьалха-МартантIехь. Иза 1922-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Нохчийн Областана автономин статус яларца доьзна а хилла.

Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, иштта радиокад дIахIоттийна Шелахь, тIаккха Гуьмсехь. Цундела, Нохчийчохь радио болх беш йолу тIедогIучу 2022-чу шарахь бIе шо кхочур ду ала бакъо ю вайн.

А.АРАПХАНОВА
№35, хӀутосург (май) беттан 8-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: