Республике юьртабахаман 185 техника ялоран хьокъехь барт бина «Росагролизинго» а, Нохчийчоьнан юьртан бахаман министерствос а.
И техника лизинган кепара ялор йолуш ю, ша барт 7 шарна лерина а, 0,5 млрд ₽ сов а болуш.
Керлачу техникица, карарчу шарахь дуьйна, 30 сов бахамна кхачо ян Ӏалашо ю.
Билггал хууш ду юьртабахаман техникин могӀарехь комбайнаш (40) а, тракторш (25) а, тайп-тайпана тӀаьхьатосийлаш (120) а хирг хилар.