2021-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 19-чу дийнахьлерчу кхажтасаран цхьааллин дийнахь Нохчийн Республикехь дӀахьур бу цхьамогӀа харжамаш:
1️⃣Россин Федерацин Федеральни Гуламан Пачхьалкхан Думин 8-чу кхайкхаман депутаташ харжар;
2️⃣Нохчийн Республикин Куьйгалхочо харжар;
3️⃣Нохчийн Республикин Парламентан 5-чу кхайкхаман депутаташ харжар;
4️⃣Муниципальни кхоллаяларийн векалийн органийн депутаташ харжар.
Меттигерчу харжамийн хьокъехь аьлча, билгалдаккха догӀу 3 гӀалин а, 173 юьртан а, 14 кӀоштан а депутаташ хоржург хилар.